ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь журналистана а, адвокатана а тIелетаран гIуллакхехула бехкаш дахкар шордина


Немов Александр,
Немов Александр,

Журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а Нохчийчохь тIелетар дарна талламо дохку бехкаш шордина. Бехкзуламан гIуллакх хIинца дIахьош ду журналистан балхана новкъарло йар, талор дар, адвокатана вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсар, бакъо йоцуш маршонах хьегор, кехаташ хIаллакдар аьллачу Iедалан къепашкахула.

Цунах лаьцна хаамбмина, Нохчийчуьра талламан комитетера хаамаш кхаьчначу Оьрсийчуьра адвокатийн Федералан палатехь Немовна а, цуьнан адвокатана Рубинштейн Евгенийна тIетевжина

Ишта бакъо йоцуш маршонах ваккхар аьллачу артиклехь волайнхо ву аьлла, Милашина а, Немов а тIехь хиллачу машенан урхалла дийриг а.

Рубинштейна "логикехь а, бух болуш а" ду аьлла талламан лелар. Цо билгалдаьккхина, адвокатана кхерамаш тийсарх артиклах наггахь бен пайдаоьцуш бац аьлла. Иштта, Рубинштейнна хетарехь, бехкаш дахкар шордина Немовс а, Милашинас а ма-дарра мукIарло дарна.

Немовс билгалдаькхкина, журалистан а, адвокатана а корматаллин статусца доьзна артиклаш йукъайахарна "там беш, цецваьккхира" ша аьлла.

Иштта Немовна хетарехь, кхин а тIе гIуллакх айдан деза шен когах урс тухуш, чевнаш йарна а, хIунда аьлча, "массарна а хууш ду, дахарна коьрта пхенаш когашкахула дуйла".

  • Лаха Новгородера лачкъийначу нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин адвокат ву Немов Александр. Товбеца-беттан 4-чохь цунна дуьхьал айдинчу гIуллакхехула таIзар дира цунна. Оцу бахьанаца Нохчийчу йеанера Милашина а. ТIелатар дира царна Соьлжа-ГIалин аэропортера схьабогIучу некъа тIехь. Герзашца кхаа машенахь болчу наха машенаш дуьхьалтийсира кхеран машенна, цу чохь хиллера журналист а. Къизаллица йиттинера цу шинна, мийрашца а цхьаьна, хIаллакйира церан техника, коьртах герз а лоьцуш, кхерамаш тийсинера.
  • Милашинин хьен туьта лазийна, кегдина пIелгаш. Корта а баьшна, "зеленка" йоьттинера цунна тIе. Иштта вон йиттина Немовна а, ког лазийна цуьнан – хетарехь, уьрсан чов йина.
  • Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дош деллера, Нохчийчохь Милашина Еленина а, Немов Александрна а динчу тIелатаран "йист йаккха". Иштта дIахьедар дира цо, цунах лаьцна дуьйцу итт сахьт даьллачул тIаьхьа.
  • Нохчийчохь динчу тIелатаран хьокъехь шолгIачу дийнахь Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийра могушаллина зен дарна а, хулиганалла лелорна а бохучу артиклашкахула.
  • ТIелатар динчу хьалхарчу деношкахь Милашина дуьхьал хилира нохчийн полисхошца къамел дан, делахь а, товбеца-беттан 1

    4-чохь цуьнга хеттарш дира Нохчийчуьра талламхочо. Цо дийцира, нагахь санна иза Нохчийчу йухайагIахь, тIелеттачара йуьйр ю бохуш, кхерамаш тийсира шена аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG