Оьрсийчохь политикан бахьанашца хьийзочу хӀора иссалгӀачу стеган гергарчарна цхьана кепара йа вукху кепара тӀеӀаткъам бо ницкъаллин структурийн белхахоша, чӀагӀдо ОВД-Инфо аналитико. Нохчийчоь кхоалгӀа регион хилла Орсийчохь, цу кепара Ӏаткъаман барамца. ПхоьалгӀачу меттехь йу Краснодаран кIошт, ворхӀалгӀачу меттехь йу ГӀалгӀайчоь.
Бакъонашларъярхоша анализ йина 2016-чу шарера 2023-чу шаре кхаччалц политикан бехкашца хьийзоран 3332 гӀуллакхан – цу юкъадогӀу бехктакхаман а, административан а гӀуллакхаш а, ткъа иштта "арахьарчу агентийн" йа "лаамаза йолчу организацешца" йоьзна йолчу дискриминацин статусаш тӀедиллар а. Дукха хьолехь, анализ йина 378 г1улкхан юкъахь – 11% ю – тӀеӀаткъам бина хьийзочу нехан гергарчарна а.
Дукха хьолахь и тайпа тӀеӀаткъам гIулкхаш хуьлу Москвахь а (89 стаг), аннекси йинчу ГӀирмехь а, Севастополехь а (43 стаг). Нохчийчохь гергарчарна тӀеӀаткъам бинарг 34 стаг ву, Краснодаран махкахь – 19, ГӀалгӀайчохь – 18. Оцу терахьаша гойту нахана тӀеӀаткъам бина меттигаш.
Уггаре а дукха тӀеӀаткъам бина меттигаш дӀайазйина 2022-чу а, 2023-чу а шерашкахь – хӀора а шерахь -153 гIуллакх. Уггаре а кест-кеста лелош йолу тӀеӀаткъаман кепаш йу - кхерамазаллин ницкъашна тӀекхачар а, Iедалана тIекхайкхар, ткъа иштта нехан чохь лехамаш бар а. Мелла а кӀезиг хуьлу - гергарчарна бахамца хало кхуллуш йолу акцеш, кхерамаш тийсар йа лецна латтор а. Цхьацца нисло балха тӀехь тӀеӀаткъам бар а, ницкъ бар а, берашца йоьзна проблемаш кхоллар а, гергарчарна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакхаш долор а.
Дукха хьолахь, тIеIаткъам бо жигархойн гергарчу нахана. Жигархоша оппозицин политикан гIуллакхашахь дакъалацарна, ткъа иштта юкъараллехь, интернетехь дӀахьедарш дарна а.
Политикан бахьанашца хьийзочу нехан дай-наношна тӀеӀаткъам баран уггаре а дукха дӀаяздина меттигаш ю, мел а лахара терахь - хӀусамдайша, берашна а, йиша-вешина. ПхоьалгӀачу декъехь гергга кхечу безачарна а тӀеӀаткъам беш меттигаш нисло.
Динчу зерашна юкъайогӀу аннекси йина ГӀирма а, Севастополь а, юкъа ца йогӀу Украинин Донецкан а, Луганскан а, Запорожье а, Херсонан а кӀоштийн оккупаци йина территореш.
- Мусаева Зарема нохчийн оппозицин вежарийн ЯнгулбаевгӀеран нана йу. Дечкан баттахь, 2022-чу шерахь Лахарчу Новгородехь шен хIусамера ницкъаллин структурера белхоша лачкъийнера иза. Соьлжа-ГӀалахь цунна дуьххьара 15 де административан хан туьйхира полицин белхахочунна дуьхал сийсазвеш къамел дина аьлла, цул тӀаьхьа бехктакхаман гӀуллакх долийнера: рапорт кечдеш хиллачу меттигерчу полисхочунна тӀелатар дина аьлла. ТӀаьхьо Мусаева бехке йира курхалла лелорна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзанакхерамаш туьйсура ЯнгулбаевгӀеран доьзална, Мусаева лачкъийна шолгӀачу дийнахь. Дукха хан йалале видео-хаамехь карладаьккхира цо. Нохчийчоьнан лаккхарчу даржашкахь болу ницкъаллин структурийн белхахой а, хьаькамаш а тIетайра кхерамаш а туьйсуш. Соьлжа гIалахь ЯнгулбаевгIарна дуьхьал митинг йира, церан суьрташ дагош. Стохка, Товбеца-баттахь кхело пхиъ-ах шо хан туьйхира Мусаевана. Нохчийн оппозицин вежарийн нана хьийзор бакъонашларъярхоша политикан бух болуш лору, ткъа адвокаташа дIахьедо, и гIуллакх шайггара кхоьллина ду бохуш.
- 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь ЯнгулбаевгӀеран виъ гергара стаг – церан ден ваша а, ден агӀор кхо ден вешин кӀант а – нуьцкъалла хьажийра Украинана дуьхьал бечу тӀаме. Иштта, оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша а, Ичкерин политикан Закаев Ахьмадан вешин кӀант а.
- 2022-чу шеран мангал-баттахь ГӀалгӀайчуьрчу журналистан Евлоева Изабеллин ден-ненан цIийнах хьовса баьхкира. Евлоевас армех лаьцна "фейкаш" йаржийна аьлла, цунна дуьхьал кхоъ бехкзуламан гӀуллакх долийна, ткъа Евлоева Оьрсийчуьра дӀаяхара.