Кадыров Рамзана украинхойн йийсархойх дина дӀахьедар, Нохчийчохь дронашца дина тӀелатар, Францехь лаьцна Нохчийчуьра бахархой, Австрера кхело нохчийн мухIажаран хьокъехь бина сацам - цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 92-чу подкастехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Кадыровн "дуьххьалдIа" эфир
"Дуьхьало" йеш украинхойн йийсархойх пайдаэца лерина ву Кадыров Рамзан. "Америкахойн спутникаша суьрташ даьхначу гIишлошна хьалха" уьш дIахIиттабар тIедожийна цо.
Кадыровн телеграм-каналехь йаржийра йийсархошца хиллачу цхьаьнакхетарехь йаьккхина видео. ХIора шарахь дIахьош йолчу шен "эфире" куьйгалхо веара гIагI диллинчу машенахь, "трофейн" машен йу и элира цо. Оцу хенахь цуьнца цхьаьна вара масех украинхойн тIеман йийсархой. Царех цхьанна айхьа хьайна тапча тоха элира цо, важа реза ца хилира. И дерриге а гойтуш ду пачхьалкхан "Грозный" телеканалан йоьдучу эфирехь. Оцу дIахьедарна цхьана а кепара терго йина йац бакъоларйаран органаша.
Йоьдучу дуьххьалдIа эфирехь Кадыровс масех дIахьедар дира. Цо бохура Украинехь тIом баьлчхьана хIара дронашца динарг шолгIа тIелатар ду аьлла. Оппозицин 1АДАТ телеграм-канало йаздора, дронашца тIелатар хиллера полисхойн шолгӀачу полкан базана уллохь аьлла – иза лаьтта Соьлжа-ГӀаларчу Старопромысан кIоштахь. Иштта Кадыровс тӀечӀагӀдира, дронан Ӏалашо полк хилла хилар, цхьана гIишлойн тхов бохийна аьлла. Нохчийчохь дина тӀелатар Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан рапортехь хьахийна дац
Шен "эфирехь" Кадыровс тӀамах лаьцна дийцина ца Ӏаш, кхин дерг а дийцира. Масала, цо дӀахьедира, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министр Колокольцев Владимир а "шайн хакъ долу меттигашкахь бац" аьлла, и цитата йалайо "Чечня Сегодня" пачхьалкхан агенталло.
Иштта, мах хадийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо 14 шо долчу Нохчийчуьра схьаваьллачу Мурдиев Муслимана дуьхьал айдинчу бехктакхаман гӀуллакхна комментари йеш. Мурдиев бехке веш ву нийсархошца летта аьлла, хулиганала аьллачу артикалца; бехктакхаман гIуллакх Москварчу кхелехь толлуш ду. Нохчийчуьрчу официалан хаамийн гӀирсаша дийцарехь, шел жимах волу кӀантана гIортор йеш Мурдиев цхьана латарна юкъагIоьртинера, ткъа латар долийнарг жоьпе озийна вац.
Кхечу бехкевечу кхаа латарашкахь, Муслима дийцарехь, иза ур-атталла уллехь хилла а вац. Гезгамашин-баттахь Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула волчу комиссаро Солтаев Мансура, кхиазхочун адвокатна тӀе а тевжаш, хаам бира, Мурдиевна дIасавалар дихкина хилар. Кавказ.Реалии сайтан редакцин оцу гӀуллакхах лаьцна кхин информаци хууш йац.
Кадыровн кӀантана керла мидал йелла
Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀантана Кадыров Адамна историн мехалла йолуш орден йелла –дийцарехь, имам Шамила Кавказан тӀамехь наибана Бено БойсгIарна йелла хилла орден йу иза.
И совгIат кхиазхочуьнга дӀаделира Кадыров Рамзанан дуьххьалдIа йоьдучу эфирехь Ӏедалан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Стохка гIура-баттахь, хӀетахь 16 шо долу Кадыров Адам "урхалла дан" хӀоттийра Нохчийчохь кхоьллинчу, Бено БойсгIаран цӀарахчу Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан батальонан.
Иштта цо "урхалла деш ду" шейх Мансуран цӀарах йолчу батальонан а, Гуьмсехь йолчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" а. Цул совнаха, 15 шо кхаьчча дуьйна, шен ден кхерамзаллин сервисан куьйгалла деш ву Кадыров Адам.
Иттех сов пачхьалкхан совгӀат делира Кадыров Адама 2023-чу шеран аьхка Соьлж-ГӀаларчу СИЗО-хь КъорӀан дагорна бехке а вина, лаьцначу Волгоградан вахархочунна Журавель Никитина йиттинчул тӀаьхьа. Полици реза ца хилира цу хьокъехь гӀуллакх доло – цу хенахь Кадыровн кӀентан 15 шо дара. Цул тӀаьхьа Кадыров Адамна йелира "Нохчийчоьнан турпалхо" цӀе, республикин куьйгалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхочун дарж а, ГIезалойчоьнна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнна а гӀуллакхаш дарна лаккхара орденаш, цхьа могӀа динан совгӀаташ а, кхидерш а.
КъорӀан дагорна кхо шой ах шой хан туьйхира Журавельна. Масех бутт баьлча, пачхьалкхана йамартло йарна бехке а вина, 13,5 шо хан тоьхна цунна. Набахтехь кхин а 14 шо хан токхур йу Журавель Никитас.
Къилбаседа ХӀирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс кху кӀиранах РТВИ телеканалана ша йеллачу интервьюхь дийцира оцу гӀуллакхах лаьцна. СИЗО-хь Журавельна йеттарх лаьцна динчу хаттарна, ма-дарра жоп дала ца хIоьттира иза, шина а агӀор "тӀехбовла" мегар дац аьлла. Меняйлос билгалдаьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀантана Кадыров Адамна дуьхьал дохкучу бехкашна комментари йан шен «йиш йац, ца лаьа» аьлла. Билгалдаккха догIу, Кадыров-жимахволчунна деллачу регионалан совгIаташлахь Къилбаседа ХIирийчоьнан цIарах орденаш цахилар.
Францехь нохчех шеконаш йу низамехь йоцу миграци вовшахтохарна
Францин полицино хаам бо, мухIажарш Европе кхачорехь дакъалоцуш хилла зуламхойн тоба лаьцна шаьш аьлла. Низамхоша дийцарехь, тобана йукахь 15 гергга декъашхо хилла, дукхахберш нохчийн орамаш долуш бу.
Лахьан-беттан 30-чохь оцу тобанан тӀаьххьара декъашхо лаьцна, йаздо францхойн газето, хьостанашна тӀе а тевжаш. Полицин векалша дийцарехь, шеконашца лецначара гӀо дина низамехь боцучу мигранташна, доккхачу декъанна шайн махкахошна, Евроберта схьабахка, хӀора стагах 1500 евро а доккхуш. Дийцарехь, зуламан тобано шайн жигаралла Францехь лелийна ца Iаш, иштта Словенехь а, Германехь а, Польшехь а, Австрехь а, Швейцарехь а лелийна хилла.
Таллам болийра 2023-чу шеран мангал-баттахь, къайлах шен машенахь бархI мухIажар эцна воьдаш хилла машенлелорхо лаьцначул тIахьа. ТӀаьхьо, набахтехь даккха цхьа шо хан туьхийра цунна.
Стигалкъега-баттахь кхин а 11 нохчий лаьцнера, царех цхьаъ дIахецнера тIаьхьо. Цхьаболчу хааамийн гIирасаша йаздора, лецнарш терроризмехь дакъалаьцна хила мега бохуш, амма кхечу хьостанаша и бакъ ца дора, бакъо йоцуш къинхьегам вовшахтохарна а, адамаш а, герзаш а дохкар-эцар лелорна шеконаш йу бохуш. ХӀетахь Ичкерин жигархочо Албаков Шемала дIахьединера, нохчийн орамаш долу нах лецаро йерриг а йукъаралла радикализаци йарна бехке йар ду аьлла.
Карарчу хенахь, кхин хаамаш бац, низамехь йоцу миграци вовшахтохарал совнаха, зуламхойн тобанан декъашхошна дуьхьал кхин бехкаш дохкуш хиларх лаьцна.
"Мемориало" латкъам бина ООН-е Нохчийчохь нах лечкъорна
Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро ОьрсийчоьнанIедалхошна латкъам беш кехат дахьийтина Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацин Кхеташоне. Цу тIехь билгалдаьккхина Дуьненайукъара бахархойн, политикан бакъонех пакт цара талхийна хилар, 2017-чу шеран дечкен-баттахь Нохчийчохь лачкъийна, тIехь ницкъ бинчу 14 стеган гӀуллакх луьстучу хенахь.
Арз тӀехь билгалдаьккхина ду, адамна тIехь гӀело йар дихкина хилар а, маршонан бакъонаш а, стеган кхерамзалла а, сий лардар а, нийсонца кхел йан а бакъо хилар. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацига латкъам бар доьзна ду Оьрсийчоьнан кхелашкахь а, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь а зенаш хиллачийн бакъо толон Iалашонца. "Мемориало" латкъам дIабахьийтина лахьан-беттан 26-чохь, амма цунах лаьцна хаам бира зазадоккху-беттан 3-чохь.
Вуьйцу 14 латкъамхо лачкъийнера 2017-чу шеран дечкан-беттан 9-чохь. Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу патрулан полицин шолгӀа полкан гӀишлонан ларми чохь латтийнера уьш, баттахь сов, хIора денна аьлча санна царна тIехь луьра гӀелонаш латтош.
Ницкъахоша царна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхинера шайггара, бакъо йоцуш герзаш лелорна а, зуламхойн тобанехь дакъалацарна а. Царна тIехь гIело хьегнера, шайна оьшучу кехаташна цаьрга куьйгаш йаздайта гIерташ.
2017-чу шарахь гезгамашан-баттахь Шела-кIоштан кхело, гӀело йеш динчу тоьшаллашна тӀе а тевжаш, массо а бехкебечарна 9 шарера итт шаре ах шаре кхаччалц хенаш туьйхира. Кхелан сацамна дуьхьал бина аппеляцин а, кассацин а латкъамаш йухатоьхнера.
2021-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 14 зен хиллачун латкъам тӀеэца йиш йац аьлла дӀакхайкхийра. "Мемориалан" адвокато дийцарехь, и сацам тӀеэцначу цхьана кхелахочун гӀалат дара иза, цундела бакъонашларъярхоша кхиндӀа а кхечу дуьненаюкъарчу органашкахь Ӏазап лайначарна нийсо лохур йу.
Австрино нохчи Оьрсийчоьне дIалуш вац
Дечкен-беттан 4-хь Австрин Вельс шахьаран кхел реза ца хилира Нохчийчуьра вахархо Мусиханов Жабраил Оьрсийчоьне дIавала. Могушалла чолхечу хьолехь хиллехь а, дарбан цIийнехь иза низамашлардархойн Iуналлехь латтош вара терроризмаца доьзна дуьненайуккъерчу лехамашка велла хиларна. Цунна тховкIело йаларх хаттар листа аьлла, кхело кхузза кехаташ чуделла.
Кхелан ладегIаршкахь хиллачу Нохчийн Ичкерия Республикин арахьарчу Iедалан векало Дунаева Розас хаийтира тхан редакцига, Мусиханов Жабраил кхелехь онлайнехь дакъолацуш вара аьлла. Венерчу дарбан цIийнера иза дIавига лоьра пурба делла ца хиллера. Хьалхо кхело бинчу сацамца Вельсехь кхоччуш цуьнан могушаллина дан хIума ца хиларна иза Венерчу дарбан цIийне дехьа ваьккхира.
Кхело Нохчийчуьра вахархо ха дечуьра дIавакхха аьлла сацам тIе ийцира цуьнан лазар бахьана долуш. Мусихановн лейкеми йу чолхечу кепера. Лерринчу кхелан протоколца цунна тховкIело йаларх долу керла гIуллакх дIахьажийна. Кхелан сацам кхо де даьлча кхочуш хир бу, прокуратуро цунна дуьхьал латкъам ца баккхахь.
"Мусихановн гIуллакх лерринчу шайн тергоне эцна диаспорерчу наха. Тхоьга дуккха а Европехь бехачу нохчашкара хаамаш кхечира, бара царлахь, ахчанца гIо динарш а, и бахьана долуш тхан аьтто белира адвокат лаца а. Жабраилан а, Ичкерин векалтан цIарах а оха доггах баркалла олу цунах дог мел лезначаьрга", – билгалдаьккхира Дунаевас.
Гезгамашин-баттахь бакъонашларъяран "Вайфонд" организацино Австрин Ӏедалшка дехар дира, Мусиханов Оьрсийчоьне дIа ма лахьара аьлла. Мусихановн могашаллин хьал тидаме эцча, цунна экстрадици йар вуьйш кхел йар санна ду, элира хӀетахь организацино.
Оьрсийчоьнан ницкъахоша дIахьедо Мусиханов террорхойн "Исламан пачхьалкх" боламца воьзна ву аьлла. Цо а, цуьнан гергарчара а цунна дохку бехкаш харцдира. Цу кепара бехкаш дехкина цунна, цо Туркойчохь дарба лелош дуккха а хан йаьккхина дела. Бакъоларйаран Amnesty International организацино 2024-гӀа шо долалуш Европан пачхьалкхийн Iедалхошка кхайкхамбира, Къилбаседа Кавказера тховкIело йоьху мухIажарш Оьрсийчу дIахьийсо мегар дац, хIунда аьлча, царна кхерам лаьтта Iазапаш хьега а, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон а. 200 эзар сов нохчий беха Европерчу пачхьалкхашкахь - уггар йаккхийчех диаспораш йу Францехь а, Германехь а, Австрехь а. Европел арахьа диаспора йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, Канадехь, Гергарчу Малхбалехь, кхечу пачхьалкхашкахь а. Венехь ша шена тоьхна велира 40 шо долу Дагестанера схьаваьлла стаг, Оьрсийчу ша дӀахьажон масех сахьт дисинчу хенахь динера цо и. Террорхойн "Вилаят Хорасан" тобанца воьзна ву, католикийн килсашна тIелетарш кечдеш хилла аьлла, шеконаш кхоллайеллера цунах
Австрин Iедалхойн. Дукха хьолахь стаг иза схьаваьллачу пачхьалкхе дIалуш сацамаш тIеоьцу динан радикалашца уьйраш йу аьллачу шеконашца, билгалдоккху тхан редакцица къамелаш дечу бакъоларйархоша а, жигархоша а.
Оьрсийчоьнан дехарца лаьцна Нохчийчуьра вахархо Венера дарбанан цIийне дехьаваьккхина. Австера Вельс гIалин кхело сацамбира лаьцна Мусиханов Жабраил Венерчу лазартни дIавуьгуш. Цунна дIасавалар доьхкуш бина сацам йухабаккхийта хьийза цуьнан адвокат.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте: