Нохчех схьаваьлла францхойн спортхо Магамадов Рахьим шолгIа а Европан чемпион ваьлла шен дегIан йозаллехь болчу юниорашлахь. Латарш дIадаьхьира испанхойн Сантьяго-де-Компостела гIалахь. Товбеца-беттан тIаьххьарчу дийнахь йолалуш йу юниорашлахь дуьненан чемпионат Туркойчохь, цигахь Францин цIарах кхуьй а латархо хир ву дакъалоцуш – уьш а бу нохчий. ХIинцале а доьлла, арахьарчу пачхьалкхийн байракхаш бухахь дуьненайукъарчу спортан къийсадаларшкахь Кавказера спортхоша дакъалацар.
Хорватихь дIайаьхьначу Европан чемпионатехь хилира Къилбаседа Кавказера орамаш долу 33 спортхо: 16 вара дагестанхойн школера векал, иштта Нохчийчуьра схьабевларш а. Азербайджанан вовшахтоьхначу тобанхошлахь хIетахь вара ах бохург санна Къилбаседа Кавказан латархойх спортсменаш. Ткъа Румынихь кегийрхойн чемпионатехь дакъалаьцначу францхойн вовшатоьхначу тобанахь беккъа нохчий бара.
Нохчийчуьра а, Дагестанера а спортхошна Франци – уггар а йезна пачхьалкха йу цигахь карьера кхион таронаш алсам хиларна, кхетийра Кавказ.Реалиица къамел динчу масех къоначу латархочо. Оьрсийчоьнца тIемаш хиллачул тIаьхьа йоккха нохчийн диаспора вовшахкхийтира цигахь. Дагестанхой пачхьалкхехь бевза UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб бахьана долуш.
Францера кхиазхойн хьалхаралло дагайоуьйту Нохчийчуьрниг – спортхоша кеста-кеста дIалоцу йоллу тIегIа
Францхойн байракхеа бухахь уггар хьалха дакъалоцуш бара нохчи Хаджиев Зеламха а, Абдурашидов Султан а. Маьршачу кепан латархо Хаджиев – Европан чемпионаташкахь призаш йаьхна ву, 2016-чу шарахь Рио-де-Жанейрехь хиллачу чемпионатан Францин цхьаъ бен воцу векал вара иза. Цул совнах Францин Кубок йаьккхина цо, 2011-чу шарахь дуьйна Монакон тоьлла спортхо ву иза.
Нохчех волу кхин а цхьа спортхо Умхаджиев Зеламха доьазза велира Францин чемпионан пьедестале. Шозза желтойн-римахойн латарехь, шозза – маьршачу кепехь латаран. Ткъа 2019-чу шарахь цхьана меттехь бархI кхоан меттиг баьккхира цара францхойн чемпионатехь оцу спортан кепашкахь.
Магамадов Рахьима толам баьккхинчу Испанера чемпионатехь кхин а цхьа нохчийн латархо кхоалгIачу меттиге велира – ву иза Итаев Сейфулла. UFC-хь дакъалаца леринчу шала винчу шина вашас, Соьлжа-ГIалахь винчу Асхабов Хьасана а, Хьусайна а толам бохьур бу Франицина аьлла, сатуьйсу
Марсхьокху-баттахь францхойн Le Monde газето зорбане йаьккхира дагестанхойн ийначу кепехь латархочух Имавов Нассурдинах лаьцна шуьйра материал. ГIумкхех схьаваьлла иза жимчохь шен деца-ненаца кхечира Франицн къилбе.
Кхин а Дагестанера щи вахархо – Беларусин вовшахтоьхначу тобанахь доьазза дуьненан чемпионатан совгIат эцна Шабанов Iела а, Европан чемпионатан финалхо хилла Рамазанов Мохьмад а. 2021-чу шарахь дуьххьара Францин клубан чемпионатехь дакъа а лаьцна, дашон мидалш йехира цара.
Къилбаседа Кавказернаш стенна бу?
Къилбаседа Кавказера бахархоша маьршачу а, желтойн-римахойн латарехь а дакъалацар Францихь гуттар а хуьлу хIума ду цхьадолу бакъдолчу бахьанашца. Цкъа-делахь, кхузахь – Европан кхечу пачхьалкхашкахь а санна – нохийн йоккха диаспора йу, иттаннашкахь эзарнаш нах бу цуьнан декъехь. Нохчийчохь тIемаш хиларна вовшахкхетта йу иза, хIетахь махкара дукхахболу нохчий мухIажарш бевлира.
ШолгIа – Къилбаседа Кавказехь спортан латар даим а уггар а лакхара хилла ду. Цундела тамаш бойла дац, Къилбаседа Кавказан бахархой дIатарбеллачу керлачу мехкашкахь, бераш дукха хьолахь оцу спорте дIало. КхолгIа аьлча, къаьсттина Къилбаседа Кавказера хуьлу спортан клубашкара тренерш, цара гIо до къоначу спортхошна кхечу мехкашкара шайн нийсархойл а хьалхабийла.
Къилбаседа Кавказера латархоша кхечу мехкийн байракхашца летаршкахь дакъалацаран кхин цхьа бахьана а ду: Украинера тIом бахьана долуш Орсийчоьнан латархой дуьненайукъарчу къийсадаларшка ца буьту, цундела декхаре хуьлу уьш шайн пачхьалкхан байракх хийца.
Дешар, летар, йуха а дешар
Францехь Къилбаседа Кавказера спортхоша Iамораш дIахьон дукхахйолу клубаш церан махкахоша йиллина йу. Царех цхьаъ ву – Дагестанера Загидов Заур. Цо Iамийна бераш Оьрсийчоьно Украинан дуьхьал тIом болабале хьалха шайн махка боьлхура, цигахь зеделларг эца а, корматалла кхин тIе а карайерзон а.
Францин Тур гIалахь тренировкаш йечу цхьахволчу латархочо билгалдаьккхира, нохчийн диаспора меттигерчу спортан клубах йерриг а дIайоьлла аьлла. Кегийрхошна тIехь Iуналла дан, шайн проблемашца уьш шаьш арахь ца бита, царех кхетар волуш, уьш тIелоцур болуш, царна гIо дийр долу меттиг буй дIахаийта царна.
ГIалгIашца а, нохчашца ап, дагестанхошца а цхьаьна лата Iамош Ницццехь масех зал йу. И цхьахйолу спортклуб йиллинарг ву Асхапов Мохьмад, италхойн спортан World Fighters Corporation (WFC) ассоциацин версица дуьненан чемпион волу. Латаран тайп-тайпана кепаш хьалхатоьтту цо. Оцу тIехь цунна гIо латтадо гIалин мэрихь, 2018-чу шарахь церан спортхойн долахь йитира цара "Ниццан Спортан Институтан" хилла гIишло.
Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь Асхаповс тидам бира, оцу зал чу богIучу дукхахболчу Къилбаседа Кавказан бахархошна спорт кхин дIа кхетош-кхиоран болх бу аьлла.
"Доьзалера компани йукъа даьхкинчу бераша кхин дIа а Iамадо. Царна хаа деза, шаьш муха хила деза, оьшучунна белш шаьш гIортор йуй… Аса хьоьхур дара оцу берашна, шаьш стенгара ду а, шаьш муьлш ду а царна диц ца далар. Царах тхо хьуллуш ду бохург дац и. Мелхо а, тхайн корматалла йаста, йаржон таро лучу пачхьалкхана даггара баркалла олу оха, лара а лору", - тIетуьйхира спортхочо.
Нохчех схьабевлла францхойн латархой а бу, амма уьш башха дукха бац. Францихь веха йозаллин атлет, дуьненайукъарчу кепан тренеро, суьдхочо Абдулаев Мовладис бакъ до: "Ийнчу кепера латархой лекхаха бу, къаьстина 17 шаре кхачаза тобанера. Францера кхиазхой хьалхаралло дагайоуьйту Нохчийчуьрниг, хIунда аьлча, спортхоша йоллу пьедестал дIалоцу кест-кеста. Тахана кхиамаш боху цара 20-23 шаре кхачаалц кегийрхой йукъахь болчу тобанашкахь а".
Абдулаев тешна ву, Къилбаседа Кавказера кегийрхой лата Iама лууш хилар доьзна ду церан даймахке дог дахарца. Дагестанхойн школа, кхин дIа дуьйцу къамелахочо, - Оьрсийчохь хилла ца Iаш, дуьненахь а ницкъечех йу.
"Ас хьоьхур дара тхайн берашна уггар а хьалха деша деза, тIаккха спорт хила йеза. Тахана хуьлучу политикан хиламашна йукъа а ца гIерташ. Вайн гIуллакх хIун ду – Францин низамаш ларар, дикачу агIор шаьш дIагайтар", - дерзийра Абдулаевс.
Баширов Iаьлви, масийттазза Францин чемпион ваьлла, цо билгалдоккху, спртан латаро чIогIа дисциплина хуьлуьйту, ницкъ, гIора, амал а тойо.
"Ма-дарра аьлча, дуьнене хьежар цхьа кхечу тайпана хьулу-кх хьан… Спортан клубашкахь берш низамна тIехбевллачарлахь ца хуьлу… Вовшашна гIо латтадо оха, мила хIун деш ву а хаьа", - тешна ву къамелахо.
Къилбаседа Кавказера къаьмнийн республикашкара баьхкина Францихь бехачу нахе боху цо, диц ма ло шаьша стенгара даьхкина, кхузахь цара довзуьйтург шайн къаьмнаш ду, Башировс бахарехь, церан кхоьрта кхиамаш хила беза дешарца а, спортехь а.
- 2023-чу шеран Европан чемпионатехь хилла Францера маьршачу кепехь летарийн кегийрхойн тоба нохчех лаьтташ йу. Меттигерчу спортхошна санкцеш тоьхначу йукъанна и нийса ду йа дац Оьрсийчохь дийцаредечу заманчохь, эксперташа кхайкхам бо, 2000-чу шерийн йуьххьехь нохчийн доьзалш Европе бовда декхаре хIунда хилира дагадаийта бохуш.
- Украинана дуьхьал тIом болийначул тIаьхьа оьрсийн спортхой йукъара бехира дуьненайукъарчу барамашкахь дакъалоцучуьра. Кавказ,Реалиино хаьттира эксперташка, Къилбаседа Кавказера профессионалан спортана мел Iаткъам бийр бу цо аьлла.
- Къилбаседа Кавказера спортхоша Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла хуьйцу, цхьаболчу хьаькамаша "йамартло" йу боху и.
- Украинан Лакхарчу радехь хьийхира, пачхьалкхан кхерамзалин Кхеташонна Украинерчу тIамна тIетайначу оьрсийн 56 спортхочунна дуьхьал санкцеш кхайкхайе аьлла. Церан тептаре ваьккхира къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара бархI стаг.
- Кест-кеста адамийн бакъонаш хьешарна а, Украинера тIом бакъ барна а нохчийн спортан клубаш а, мехкан урхалхо Кадыров Рамзан а Американ санкцешна бухахь боллушехь, америкахойн ММА-н латархой Соьлжа-ГIала леста хIинца а.