ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан ах бюджет схьаоьцу Кадыровн тергонера фирмехула – "Проект"


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан бюджете кхочу федералан ахча схьаоьцуш ду Кадыровн куьйгакIел йолчу кхаа фирмехула - цуьнан доккхаха долу дакъа чоьтера дIадоккху бюджетан организацешца дечу контракташкахула, цул тIаьхьа цхьацца нахехула шайга дIаоьцу. Нохчийчохь бюджетан ахчанца лелон схемаш нахалайаьхна компанин финансийн чоьташ теллинчу "Проект" хьасто.

Схемехь дакъалоцу "Изумруд", "Бенофан", "Орбита" компанеша - тIаьххьара шиъ шарчохь пайда алсам хуьлучу фирмийн топехь йу. ГIирсан хаамашца, мехкан урхалхочун долара бохчанаш ду уьш. 2023-чу шарахь цхьана "Бенофан" фирмин чоьта тIе йаьлла Нохчийчоьнан ах бюджет, хуьлу и 64 миллиард сом.

Цуьнах 8 миллиард фирме кхаьчна школаш тойайта а, Нохчийчоьнан урхалхочун шича кIанта Кадыров Хас-Мохьмада куьйгалла ден Соьлжа-ГIалин мэри кечйайта а.

Ахчанан доккхаха долу дакъа кхочу бIеннашкара доларчу компанешкахула а, бюджетан организацешкахула а. КIеззиг дакъа – 16,3 ммиллиард сом – "господрядчикаш" лоручу фирмийн чоьта тIе хьажадо, царна тIехь а бIаьрг латториш Кадыровн нах бу. Кхин а ахчанийн цхьа дакъа хила тарло кадыровхошна луш ницкъаллин гIо латторна, йа ахчанаш каракхачош гIо дарна. Нохчийн "клиентийн" могIаршлахь, масала, Сургутера "Промэнергострой" фирма а, Подмосковьера "Главстрой" фирма а йу.

Цул тIаьхьа пачхьалкхан бюджетера ахча беа некъаца "Бенофанан" чоьтера схьаоьцу: Кадыровн гергарчара куьйгалла дечу нохчийн веа нотариусан депозитаран чоьта тIе кхочу ахча.

Ахчанан алсамох долу дакъа оцу йукъанна процент йоцуш духалург луш ду 15 стагана – гарехь кегийрхой бу уьш бизнес, кхин хуьлуш пайда а боцуш, кредитан истори а йоцуш. Оцу кепара ахча кхаьчначех ву Ведана-кIоштара ЖКХ-н декъан куьйгалхо Мовсуров Дукх-Ваха а, 13 эзар сом лачкъийна аьлла, таIзар дина Сиржа-Эвлара Бердукаев Аюб а.

Бюджетера шен кара эцна ахча Нохчийчоьнан куьйгалхочо дойу дукха хьолахь шен гарем латтош, цига кхочу ишта берхIийтта шаре довлаза зудабераш а. Бинчу талламехь аьлла ду, 2006-чу шарахь 14 шо долчу Хазуева Фатимас вина ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун шолгIа кIант Эли. Оцу йукъанна официалехь хьалхарчу зудчо Кадырова Меднис вина аьлла тIеэцна ву и кIант. Гаремера кхиазхо йолу кхин цхьаъ - оцу хенахь 16 шо хиллачу Джабраилова Замирас- 2007-чу шарахь вина Кадыров Адам, чIагIдо "Проекто".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG