ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан зорбан министран гӀоьнча вайна маьттаза видео йаьржинчул тӀаьхьа


Chechnya, Grozny / Чечня, Грозный
Chechnya, Grozny / Чечня, Грозный

Нохчийчоьнан информацин министран гӀоьнча Баширов Сайд-Мохьмад лачкъийна, маьттаза лелаш дӀайазйина видео йаржийначул тӀаьхьа, хаамбина оппозицин блогеро Халитов Хьасана. И хаам тӀечӀагӀбо "СK SOS" кризисан тобано а, иттта а Niyso телеграм-каналан хьостанаша а.

Халитовс зорбане йаьккхина Баширов тIехь волу видео гезгамашин-беттан 7-чохь. Цу дийнахь зорбан министран гӀоьнча лачкъийна маьршачу нехан духар доьхначу белхахоша, хаам бо "Niyso" канало.

Цул тӀаьхьа ши де даьлча Халитовс Башировца йаьккхина керла видео зорбанехь йаржийра: хетарехь, Соьлжа-ГӀаларчу Ӏедалхойн кабинет чохь дIайазйина. ШолгӀачу видео тIехь йу Башировс ахчанаш дехьадьахна чоьтийн скриншоташ - 500 эзар сом шен банкехула дахьийтар гойтуш. Хетарехь, и ахча зорбан министран гӀоьнчера дехна хилла маьттаза видео зорбане ца йоккхург - ахчан квитанци тIехра терахь ду 2022-чу шеран гIура-беттан 22-чу а, 23-чу а деношкара.

Ший а видео шен цӀе ца йоккхучу хьостано йаийтина: хьалхара телеграмехь видеозӀе тоьхначу хенахь дина экранан дӀайаздар ду, шолгӀаниг -ватсапан, кхетийра блогеро.

Видеош интернетехь йаржийнчул тIахьа хьаькам лачкъийна хилар тӀечӀагӀдина Къилбаседа Кавказерчу ЛГБТ-н нахана гӀо дечу "СK SOS" кризисан тобанан хьостанаша.

Нохчийчоьнан официалан зорбанан гӀирсаша, Баширов лачкъийна аьлла хаам баьржина кхо де даьлча йаздира, гезгамашан-беттан 10-чохь Оьрсийчоьнан форум "Зударийн инициативаш: гӀуллакх ден хан" цӀе йолчу форумна кечамбарх хеттарш луьстучу кхеташонехь цо дакъалаьцна аьлла. Иза тӀечӀагӀдеш сурт зорбане а даьккхинера. Министран гIоьнчас кхеташонехь дакъалацарх лаьцна ма-хуьллу доцца дийцира: билгалдаьккхира цо "форум дӀайахьа кийча хиларх лаккхара мах хадийна" аьлла.

  • Баширов Сайд-Мохьмад Нохчийчоьнан информацин министран гIоьнчан даржехь ву 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дуьйна. Республикерчу Ӏедало Ӏуналла дечу "Грозный" телеканалера цу дарже дехьаваьллера иза. 2024-чу шеран зазадокху- баттахь цунна йелла "Нохчийн Республикина гӀуллакхаш дарна" мидал.
  • Нохчийчохь гейш бу аьлла шеко йолу нах а цхьаьна Украинина дуьхьал бечу тӀаме нуьцкъала хьежор даьржина ду. Бакъонашларъярхойн аьтто баьлла тӀечӀагӀдан лакххара а ворхӀ и тайпа гӀуллакх хилар. Эдилов Iабдул-Керим тренер хилла Кадыров Рамзанан берийн, цхьайолу хенашкахь республикан куьйгалхочун секретариатан куьйгалхо а, Нохчийчоьнан Ӏедалан вице-премьер а хилла иза. 2022-чу шеран гIура-баттахь, шен 39 шо долуш, хIун бахьана ду ца хууш, велла иза. Кадыровн омрица иза вийна хила тарлуш ду бохуш, дийцира республикерчу рожан критикаша.
  • "Проект" зорбанан гӀирсо Кадыров Рамзанах лаьцна йаьккхинчу кинохь хьахош ду Нохчичоьнан куьйгалхочун критикаш а, дуьхьалончаш а, цуьнан конкуренташ, иштта цхьана хенахь цуьнца гергарло лелийна нах а шеконечу хьелашкахь байар, балар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG