ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан коьрте хIоттийна Кадыровс шен вешин кIант


Солжа-ГIала
Солжа-ГIала

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гӀоьнча хилла шен вешин кӀант Кадыров Хьамзат хӀоттийна Кадыров Рамзана мехкан Кхерамзаллин Кхеташонан секретаран дарже. Оцу гIентахь хIинццалц схьа вара Нохчийчоьнан куьйгалхочун девешин кӀант Ибрагимов Турпал-Ӏали – хӀинца цо куьйгалла дийр ду Шела кӀоштан администрацин.

Керла нах хӀитторх лаьцна Кадыровс дӀакхайкхийра хьаькамашца хиллачу кхеташонехь, хийцамаш баран бахьанех лаьцна ца дийцира цо.

2004-чу шарахь кхелхинчу Кадыров Рамзанан воккхахволчу вешин Зелимханан кӀант ву 27 шо долу Кадыров Хьамзат. ТIаьххьара хан кхаччалц республикан куьйгалхочун кхерамзаллин блокехь гӀоьнча а, бахаман а, латтанийн а юкъаметтигийн министран гӀовсан а даржехь вара иза. Кхин а хьалха Нохчийчоьнан физкультуран а, спортан а, кегийрхойн политикан а министр вара, ткъа 2021-чу шарахь цу даржехь цуьнан метта хӀоьттира Ибрагимов Турпал-Ӏела.

2018-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарах орден йелира Кадыров Хьамзатана, стохка Росгвардин "ГIо латторна" мидал а, президентан Путин Владимиран омраца "Даймахкана хьалха гIуллакха дарна" аьлла II-бараман орден йелира. 2023-чу шеран лахьан-баттахь Кадыров Хьамзатана йелира "Нохчийчоьнан Турплахо" цIе а, хIун динчунна – дуьйцуш дац.

Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Рамзана шен вешин кӀантана совгIат дира Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омрица цунна йелла Доьналлин орденца. Билгалдаьккхина дацара, и совгӀат хIун динчунна цунна делла ду а, совгIат дарх президентан омра зорбане даьккхина а дац.

Ибрагимов Турпал-Ӏела Шела кӀоштара Гермачига эвлара ву, цуьнан нана Кадыров Рамзанан ненан йиша ларалуш йу. Тоххара хилла ву иза Шела кӀоштан администрацин коьртехь, цул тӀаьхьа 2021-чу шеран зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун а, Ӏедалан а администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс хӀоттийра иза. Ткъа масех бутт баьлча спортан министран дарже ваьккхира, цул тӀаьхьа бахаман а, лаьттан юкъаметтигийн а министр вара. 2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан коьрте хIоттийнера.

  • Нохчийчохь регионан куьйгаллехь лаккхарчу даржашка хӀиттош бу иттаннаш республикан куьйгалхочун гергарнаш. Карарчу хенахь кӀоштан Ӏедалера 23 даржех йалх дӀалаьцна Кадыровн бераша а, невцарша а, кхин а 5 кхечу гергарчара йа юьртахоша. Цунна шена а ца го шен доьзалан декъашхой карьеран тӀегӀанехь хьалабахарехь цхьа а къовсам. "Сайн тешам берриг хӀоттаво ас", - элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
  • Пачхьалкхан гӀуллакхехь даржаш дӀалоцуш бу Кадыров Рамзанан бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш шичой маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино уггаре а дуьззина тептар хӀоттийна республикерчу Ӏедалан хьукматашкахь болх бечу КадыровгӀеран тайпанах болчу нехан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG