"Мехкан да" титул йала тарло Нохчийчоьнан куьйгалхочунна – оцу кепара республикан Конституцихь хийцамаш бар хьехна парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада а, кхин а 20 депутато а. Дечкен-беттан 12-чохь низаман проектана регистраци йина, ткъа еарийн дийнахь документан тергойина "Керла гIуллакх" интернет-хьасто.
Нохчийчоьнан Конституцин 63-чу артиклехь хийцамаш бар хьехна, цу тIехь билгалйаьхна регионан куьйгалхочун бакъонаш. "Нохчийчоьнан Республикан куьйгалхо" дешнел тIаьхьа "Мехкан да" аьлла тIетоха дезар ду, - билгалдаьккхина низаман проектехь.
Цуьнца цхьаьна депутаташ хьехна 63-чу артиклна кхин а цхьа абзац тIетохар – Нохчийчоьнан куьйгалхо цуьнан конституцин, адамийн бакъонийн, маршонан гарант хилар, иштта регионан куьйгалхочо "бахархошлахь барт а, маршо а латтайо" аьлла.
- Нохчийчоьнан куьйгаллхеь ву Кадыров 2007-чу шарера схьа дуьйна. ХIетахь дуьйна масийттазза бехкевора иза адамийн бакъонаш талхорна, цунна луьйш берш лечкъорна а, байарна а жоьпалла политикна тIе а дуьллуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а.
- Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчу тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира, регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тардаларх а хьахийра цо.
- 2022-чу шеран чиллан-беттан юьххьехь Оьрсийчоьнан оппозицин политико Яшин Ильяс онлайн-петици хIоттийра президентана Путин Владимирна Кадыров Рамзан даржах мукъаваккхар тIедожош. Цхьана дийнахь-буса а 100 эзар сов Change.org платформе йазвеллачу стага куьйгаш йаздира петицина. Кремлехь дIахьедира, и тIедиллар дош ца хийтира шайна аьлла.