ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Европана бехкбиллина тIом боьдучу хенахь Ичкерин агIо ца лацарна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнна "маршо хьакъ ю" аьллачу Польшин премьер-министрна Моравецкий Матеушна жоп делла Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо бехкейина Европан пачхьалкхаш хьалхара а, шолгIа а тIемаш боьлхучу заманчохь къобалйазчу Ичкерина тIе ца хIоттарна.

"Ичкеригахьа оха тIемаш бечу хенахь, суверенитет яккха гIертачу заманчохь стенгахь дара шу? Европан пачхьалкхаша а, царлахь Украино а, тхан агIо стенна ца лецира хIетахь, тахана йоцу пачхьалкх тIелаца гIерта шу?", - дIахьедина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

"Луьра ичкерийхо вара" ша аьлла, тIетоьхна цо, амма къаьсттина Европано новкъарло йира Нохчийчоьнан суверенитетехьа болчарна "шайн пачхьалкх кхолла". Цул тIаьхьа Кадыровс "ямартхой" аьлла карарчу хенахь Ичкерин агIончаш болчарна, цул тIаьхьа Оьрсийчоь Украине гIортар бакъдан гIиртина. Оцу темин контекстехь Нохчийчоьнан куьйгалхо вистхилла Польшин Iедалхошка: "Тхо шуна тIаьхьа догIу" аьлла. Иштта кхайкхамбина цо цаьрга "горахIитта" аьлла.

Францхойн LCI телекаланана йеллачу интервьюхь дечкен-беттан 26-чохь Моравецкийс дIахьединера. Нохчийчоьнна "суверенитет хьакъ ю", хIунда аьлча, мехкан бахархоша "доьналлица бIешерашкахь къийсина маршо", масех иттех шерашкахь цигахь дуккха а хIума хIаллакхилла, дуккха а тIеман зуламаш дина".

Ичкери хьахийна йац Польшин премьер-министро, амма тIетоьхна, "Оьрсийчуьра лулахошна" лартIахьчу пачхьалкхан контекстехь дерриг диканиг хила а лаьа шена, дика кхиаме хила а лаьа, дика юкъарлонаш хила а лаьа" аьлла.

  • 1990-чу шеран лахьан-баттахь Соьлжа-ГIалахь кхоьллира доллу къаьмнийн конгресс (ОКЧН). Цуьнан коьрте хIотта кхайкхийра хIетахь Эстонихь вехаш хилла Дудаев Джохар – Советан армин цхьаъ бен воцу нохчех схьаваьлла генерал. Шо даьлча РСФСР-н Лакхарчу кхеташоно къасттош дозанаш билгал ца дохуш йийкъира Нохч-ГIалгIайчоь шина республике. 1991-чу шеран гIадужу-беттан 27-чохь Нохчийчоьнан президент хаьржира Дудаев Джохар, ткъа масех де даьлча шен хьалхарчу декретца Нохчийн Ичкерия республикан суверенитет дIакхайкхийра цо, Оьрсийчоьнах дIа а къастош. Керла республика официалехь цхьана а ООН-н пачхьалкхо-декъашхочо къобал ца йира, делахь а векалалла йара цуьнан дозанал арахьа, ткъа цуьнан хьаькамаш цхьанакхетара кхечу пачхьалкхийн коьртачу Iедалхошца.
  • 2022-чу шарахь Къилбаседа Кавказан къаьмнийн кхечу мехкийн а, Нохчийчоьнан а суверенитетах хаттар айдира дуьненан юкъарчу тIегIанехь украинхойн депутато, Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн векало Гончаренко Алексейс. Кхул а хьалха Лакхарчу Радехь "Маьршачу Кавказехьа" цIе йолуш фракцешна юкъара вовшахтохараллин куьйгалле хIоьттира иза.
  • 2014-чу шарахь дуьйна, Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси йина, Донбассехь "ДНР", "ЛНР" аьлла мехкаш кхоьллича, Украинан агIор тIемаш беш бу Нохчийчоьнан маршонехьа берш. 2022-чу шарахь шуьйрачу барамашкахь Украине чугIоьртича украинхойн армин могIаршкара ичкерийхой хаъал алсамбевлира. Тахана пачхьалкхан ТIеман ницкъийн Интернационалан легионан декъахь нохчех юьзна кхоъ нохчийн батальон ю, кхина цхьаъ тIемаш беш ю лаамхойн дакъа санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG