Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIечIагIдира, Чехехь шен 16 шо долу говр лачкъийна хилар – меттигерчу полицин хаамашца, оцу акхарон мах 18 эзар доллар бу. Амма Кадыровс бохура, и терахь лахдина ду, тIаккха баккъала долу терахь 10 млн сом ду.
"И лелош болчу наха ахчанца лелочу курхаллица доьзна хила мега и и мах оццул лахбар, амма цIенчу цIийца йолчу Зазу-н мах мел кIезга а $10 млн бу", - йаздира регионан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь.
Зазу цIе йолчу говран баккъалла болчу мехах лаьцна хIумма а хууш дацара. 2015-чу шарахь Кадыровн говранийн Чехерчу тренеро Шавуев Арслангирейс дийцира Радио Свободе, божал чохь латтош нохчийн политикан пхи говр йу, шайлахь лачкъийна йолу Зазу а йолуш – цуьнан баккъалла болу мах Шавуевс ца элира, "вуно дукха ахча доьхура цунах", аьлла билгалдоккхуш.
Цо бахарехь, кхинйолчу цуьнан говранийн мехаш 15 тIера 140 эзар евро кхачалц бу (таханалерачу курсаца, 15,8 а, 147,5 эзар а долларш). Амма 2017-чу шарахь Чехерчу 420on.cz сайто оцу акхаройн мах 6 млн доллар бу элира – муьлхачу хаамаш тIехь бинера и сацам, хууш дац. Шавуевс бахарехь, уьш лелорна хIора баттахь 3-4 эзар евро деза.
Кадыров Рамзанан 2015-чу шарахь тIедаьлла официалера ахча пхи миллион сов сом бен дацара, аьлча а, 72 эзар доллар хIетахь хиллачу курсаца. Иштта говранаш эца ахча мичара даьлла цунна, хушш дац.
Дагадоуьйту, Jezdci.cz сайто полицин хаамашна тIе а тевжаш, дийцира хиллачух лаьцна: говр лачкъор зазадоккху -беттан 4-5 деношкахь нисделла. Къолахочо, цхьа новкъарло йоцуш, дукха атта дIайигира говр. Darhorse говранийн завод карахь йолчу Копецкий Ростислава журналисташка сов хIумнаш ца дийцира, амма тIечIагIдира таллам боьдуш бу аьлла. Чехерчу финансийн министралло и говр баккъала а Кадыров Рамзанан хилар тIечIагIдира, амма цунна комментареш йала дуьхьал хилира.
Зазу цIе йолу говр хьалха а нислора хаамийн гIирсийн агIонашкахь - 2014 шарахь Немцойн махкахь даьккхина 2 эзар евро схьа ца делира Кадыровна, санкцеш бахьана долуш. 2015-чу шарахь Кадыров Рамзанна ца магийра говранийн идаршкахь ахча даккха а, шен говраш дIайига а – уьш Чехехь йиссира (шайна тIе дойъу ахча цара даьккхинчу ахчана тIера схьа а оьцуш).
Коррупцина дуьхьало латточу талламийн а, инициативийн а "Трансперенси Интернешнл – Россия" проекто дийцира, 2014-2018 шерашкахь Чехехь хиллачу говрийн идаршкахь Кадыровн говраша даьккхинарг 110,5 млн сом дара, Немцойн махкахь - 1 млн сов сом (2014-чу шеран Централан Банкан курсаца), амма Американ а, Европан а санкцеш бахьана долуш и ахчанаш Кадыров Рамзанна дIаделла дац.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан долахь йолчу говраша 2019-чу а, 2020-чу а шерашкахь говрашхахкарехь даьккхира 33 миллион 724 эзар сом, хаамбира МБХ медиа" гIирсо. Немцойн Turf-times портало дийцарехь, 2019-чу шарахь Кадыровн говраша дакъалецира Дубайхь хилла кхаа говрашхахкарехь, цара даьккхира 236, 182, 29 эзар евро.
- 2021 шеран лахьан-баттахь Кадыровн говр лелош волу Самара Сатиша лицензих ваьккхира Iарбойн Эмираташкарчу Iедало. Американ санкцеш йара и новкъарло йинарш.
- Нохчийчоьнан куьйгаллхеь ву Кадыров 2007-чу шарера схьа дуьйна. ХIетахь дуьйна масийттазза бехкевора иза адамийн бакъонаш талхорна, цунна луьйш берш лечкъорна а, байарна а жоьпалла политикна тIе а дуьллуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а. Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчу тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира,регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тардаларх а хьахийра цо.