Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан бIанакъостах волчу 25 шо долчу бизнесхочунна Корчагин Валидана Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа оккупаци йинчу Мариуполера металлургин комбинат а, Оьрсийчуьра арайаьккхинчу кхечу пачхьалкхера йоккхачу бизнесан активаш а кхаьчна. Цунах лаьцна йаздина "Оьрсийн Би-би-си" ресурсо.
ГIирсан хаамашца, Корчагин Валид Нохчийчуьра гIишлошйаран министран гIовсан Геремеев Вахьитан кIант ву, ткъа Федерацин Кхеташонан сенаторан, оппозицин политик Немцов Борис верна бехке ву аьлла санкцеш дуьхьалйаьхначу Геремеев Сулейманан вешин кIант ву
2023-чу шенран дечкен-бутт бовш Корчагин Валидана, сепаратистийн "ДНР-ра" Макеевкехь регистраци йина хилла "ММК Ильича" компанин 50 процент акциш кхачарх хиъна журналисташна. Оцу фирмо урхалла дора Украинерчу уггар а йоккхачу индустрин – Ильичан цIарахчу метталлургин комбинатан, хьалхо украинхойн бизнесхочун Ахметов Ринатан долахь йара иза. Комбинат дIайаьккхинера Мариупольна Оьрсийчоьнан эскарша оккупаци йинчу хенахь.
Цул совнах гIадужу-бутт бовш Корчагинна кхаьчна "Арена" компанин дакъа а – цо эцнера америкахойн Starbucks кофейнеш, Оьрсийчуьра дIабахначул тIаьхьа. Кадыровн бIанакъостах партнер хилла рэперан Юнусов Тимуран (Тимати), рестораторан Пинский Антонан а. Хьалхо хаамбора, кофейнийн дакъа иштта кхаьчна, ГIебарта-Балкхаройчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонехь сенатор волчу Каноков Арсенан доларчу холдинган "Синдика" компанина а бохуш.
Стохкалера шо довш кхин а цхьана арахьарчу бизнесан партнераш хилира Корчагин а, Каноков а – гIишлошйаран гIирс бухкучу OBI гипермаркетийн машанан. Юьхьанца дакъа Израилера совдегаран Лиокумович Йозефан дара, цул тIаьхьа керлачу долахойн карадахара. Forbes журналан хьасто "рейдерийн схьадаккха гIортар" ду иза элира.
- Кавказ.Реалии сайто ма-йаздарра, Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан думин депутатан Делимханов Адаман доьзалан кланан дакъа ду ГеремеевгIар. Уьш цуьнан шичой бу ненехула.
- Украинан къайлахчу сервисаша бехкзуламан гIуллакх диллина Делимханов Адамна дуьхьал. Иза бехкево пачхьалкхан дозанаш хийцарехь дакъалацарна а, Оьрсийчоьнан тIеман агоресси къобалйарна а. "Кадыровн уллорчу гонера ву хьаькам. Цуьнан омраца пачхьалкхана чугIоьртинчу юьххьехь веана иза ханна дIалаьцначу Донецкан кIоштан декъа тIе", - чIагIдо СБУ-но.
- Делимханов бехкево Думин хилла депутат Ямадаев Руслан а, "Восток" батальонан командир Ямадаев Сулима а, политик Немцов Борис а байарна а, иштта Нохчийчуьра режимна луьйчу оппозиционершна а, критикашна а кхин а цхьа могIа кIелонаш йарна а.