Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина шен метта "цхьаъ лехар" оьшуьйтур дац ша аьлла – рогIерчу 2026-чу шеран мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца лерина ву иза. Оцу кепара дIахьедар дира политико, цуьнан могушалла эшна йогIу аьлла тIечIагIбанза хаамаш баьржинчу йукъанна.
"Дуьйцуш хабарш ду, со дIавоккхуш ву, сан метта кхин лоьху бохуш. Сан метта цхьа а лоьхуш вац, кхин стаг лаха цаторийла аса хуьлуьйтур а йац. Сан хан чекхйаьлча, Делан пурбанца, со йуха а харжамашка гIур ву. Халкъо харжахь, сайн болх бийр бу кхин дIа а", - дIахьедина Кадыровс меттигерчу министрийн кабинетан ЦIийнехь дIайаьхьначу шуьйрачу кхеташонехь.
Хьалхо оппозицин телеграм-каналашкахь хаамаш баржийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла телхина йогIу аьлла. Цуьнан бахьана дара кIиранахь иза гучу цавалар а, политикан кхо кIант дуьххьара хьаьжцIа шаьш вахар а. Официалехь информаци тIечIагIйина йац.
Делахь а зазадокху-бутт бовш "Новая газетан" хьасташа дIахьедира Кадыров чIогIа цомгаш ву, цуьнан кийрара меженех кхетар долу лазар ду цуьнца, оцу цамгарна атта дарба а ца хуьлу аьлла.
Стохка мангал-баттера схьа дуьйна регионалан политикера хьал эшна догIу. Ресурсо йаздарехь, Кадыровс токху цамгар чIогIа лазарш оьхуш йу, цуьнан салецар билгало йу цуьнан пехашца проблема хиларан.
2019-чу шарера схьа дуьйна кест-кеста хаамаш кхочу Кадыров Рамзан цомгаш ву бохуш.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIаьххьарчу харжамашкахь Кадыров Рамзана, официалан хаамашца, толам баьккхира 94,42 процент дакъалаьцначу харжамхоша 99,7 процент кхаьжнаш луш. Меттигерчу зорбанан гIирсаша дIакхайкхийра, дуьненан рекорд йу и аьлла.
- Харажамийн дакъошкахь цхьа а низам дохийна меттиг хаабелла бац Нохчийчохь кхечу регионашка диллича. ХIетте а бакъоларйархоша чIагIдора, кхаж тасаран йоллу процессехь фальсификацеш йара аьлла.
- Пхеа шарна хаьржина вара Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарже политик. РогIера харжамаш хир бу 2026-чу шарахь.
- 2007-чу шарахь дуьйна ву Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан республикин урхаллехь. Оцу хеначохь Оьрсийчуьра а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара а, Евробертан мехкашкра а бакъоларйархоша масийттазза билгалдаьккхира, регионехь адамийн бакъонашца долу хьал ледара хилар. Хаамаш кхочура кхел йоцуш нах байарх Нохчийчоьнан дозана тIехь, ЛГБТ-нах лецарх а. Кадыровс а, цуьнан гоно а шайна дохку бехкаш тIе ца дуьту.