ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочун критико Халитов Хьасана дIахьедина махкара шен да а, вежарий а лечкъорах


Халитов Хьасан
Халитов Хьасан

Республикехь шен да а, ши ваша а лачкъийна хиларх дӀахаийтина махкал арахьа вехачу нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана. Иза кхоьру Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана царна дуьхьал репрессеш ян тарлуш хиларна.

Халитовс дийцарехь, кхо де хьалха, мангал-беттан 28-чохь, лачкъийна бигина цуьнан гергарнаш. Блогеран да вайна Закан-Юьртахь шен хӀусамера араваьлча; вежарий къамеле кхайкхинера Соьлжа-ГIала, амма хӀетахь дуьйна цаьрца зӀе ца хилла. Царех цхьаьннан машен тӀаьхьо юхайерзийна хилла, амма яьсса яра боху.

Хилларг Халитовс дузу дукха хан йоццуш ша Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоӀаца республикера бахархой лечкъорх лаьцна къамел дан гӀортарца.

"ТӀаьххьарчу хенахь лечкъийначу кегийрхойн кхолламах хаа гIертара со. Кадыровн йоьIан Iайшатан номер йара соьгахь (Нохчийчохь вице-премьер йу иза. -Редакцин билгалдаккхар). Телефон туьйхира ас цуьнга хаттар деш, амма цо элира, нийса ца кхетта. Ас теллича, и номер ма йу цуьнан цIарца лелош", элира Халитовс Кавказ.Реалиин сайтан корреспонденте.

Блогеро шен YouTube-каналехь зорбане даьккхина, хетарехь, Кадырова Ӏайшатца хилла къамел, амма ролик видеохостинган сервисо дӀаяьккхира, цу тIехь мобилан телефонан номер хилар бахьана долуш. Халитовс и видео юха а зорбане хIоттийча, блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГӀаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀанта Кадыров Адама, кхерамаш а туьйсуш, тIедожийнера ролик дIайаккхар.

"Хьалха сан гергарнаш лечкъочу хенахь, дукхахьолахь, цхьана дийнахь юхавалавора сан къена да. ХӀинца вуно дукха хан ю иза а, вежарий а тӀепаза байна, уьш стенгахь бу а хууш дац. Тоххара гергарнаш лачкъийна бигича кадыровхоша дуьхьал цхьаъ де олий, тIедожадора. ХIинца тоьхна телефон йац", - дийцина Халитовс.

Иза кхоьру, меттигерчу Ӏедалша терроризмехь дакъалоцуш ву аьлла шеко йолчу нехан доьзалхойн "цӀий Ӏано" кхерамаш тийсар шен гергарчарна тIехь дан тарлург хиларна. Дербентехь а, ХIинжа-ГIалахь а теракташ йинчул тӀаьхьа дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо и дӀахьедар.

"Кхерамаш тийсар эрна доций хаийта, суна тIера доло мегар дара", - дIахьедина оппозицин блогеро.

Нохчийчоьнан Ӏедалша а, меттигерчу низамхоша а комментарий ца йо Халитовс шен гергарнаш лечкъорх лаьцна динчу дӀахьедаршна.

  • 2022-чу шеран оханан-баттахь Халитов Хасанан вешех цхьаъ нуьцкъала Украине тӀаме хьажийра. Цул хьалха блогеро дӀахьедира, республикин куьйгалхошна критика яр сацаде бохуш, Нохчийчохь лаьцначу йишин дегIаца цхьалха йаьккхина сурт шега даийтина хиларх лаьцна.
  • Дахначу кӀиранах дозанал арахьарчу нохчийн оппозиционерша хаам бира, мангал-беттан 23-чохь Дагестанехь герзаца дина тӀелатарш бахьана долуш республикехь рейдаш йоийна аьлла.
  • Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь ницкъхоша лачкъийна бӀеннашкахь меттигера бахархой, лоьмарш тӀехь "Дустум" дош а, неӀарехь "К13" йоза а долу "Лада Нива" машенах цӀетасар бахьана долуш – машен хиллера Кадыровн кӀанта Адама лелош. Цул тӀаьхьа дуккха а меттигашкахь рейдаш дIайахьарх а, нах лечкъорах а информаци тӀечӀагӀйира "Мемориало". Лачкъийначех цхьаъ, нохчийн оппозиционерийн информацица, полисхоша ницкъ бинчул тIаьхьа велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG