ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочун невцана регионан лаккхара совгIат делла – Кадыровн цIарх орден


Мацуев Висхан. Хьаст: Нохчийчоьнан урхаллин сайт
Мацуев Висхан. Хьаст: Нохчийчоьнан урхаллин сайт

Нохчийчоьнан лаккхара совгIат – Кадыровн цIарх орден – кхаьчна йуьртбахаман министрана, регионан урхаллин хьалханчан гIовсана Мацуев Висханна. Республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоккхахйолчу Iойан Iайшатан хIусамда ву иза – хьалхо Iайшат вице-премьеран дарже хIоттийра.

СовгIат даларх Кадыровс шен телеграм-каналехь дийцира – йуьртбахаман белхахочун денна лерина дара иза. Цо бахарехь, 26 шо долу Мацуев "аьхка бен ца хIоьттина министраллин куьйгалле, амма хIинцлеа а кхиамаш гуш бу" – иза гойту "массо а агIор кхуьучу жамIаша". Билггал масалш цо ца далийра.

Товбеца-баттахь регионан урхаллин хьалханчан гIовс а, йуьртбахаман министр а хIоьттира иза. Цул хьалха даьхнийн а, латтанийн йукъаметтигийн министран даржехь вара иза, иштта Нохчийчухула йолчу МВД-н миграцин урхаллин куьйгалхо а вара. Цуьнан да – Мацуев Зеламха – Кадыров Рамзанан йуххера накъост а, хадархо а вара.

Мацуевн хIусамнанас Кадыров Iайшата гIадужу-баттахь регионан урхаллин вице-премьеран дарж дIалецира. Цуьнан дас бахарехь, керлачу даржехь социалан хеттарш луьстур ду цо.

  • Iайшат – Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI йу. Шен 17 шо долчу заманчохь Firdaws модин цIийнан директор хилира цунах. 2009-чу шарахь цуьнан нанас Кадырова Меднис схьдиллина дара и. 2020-чу шарахь цкъа йуьхьнаца регионан культурин министран хьалхарчу гIовсан дарже хIоттийра иза, ткъа 2021-чу шарахь 22 шо долуш министр хилира цунах. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршкахь йу Кадырова Iайшат. Цул совнах Американ санкцешна йукъатоьхна Кадырова Iайшатан Firdaws модин цIа а.
  • Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан урхалхочун гергарнаш хIиттабо регионехь куьйгаллин лаккхарчу даржашка. Шен цIийнах болу нах хьалхатеттарехь, къийса хIума ца го цунна шена. "Сайн тешам берриг хIоттаво", - элира Кадыровс.
  • Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG