ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан лаккхара совгIат Путинна даларх дIахьедина Кадыровс


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а Кремлехь хиллачу цхьанакхетарехь, гезгмашин-беттан 27 де
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а Кремлехь хиллачу цхьанакхетарехь, гезгмашин-беттан 27 де

Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна Нохчийчоьнан лаккхара совгIат дина – "хьалхарчу номерца йолу" Кадыров Ахьмадан цIарх орден, дIахьедина Кадыров Рамзана. И совгIат кхаьчначех бу ша регионан куьйгалхо, цуьнан нана, йоI, нуц, вешин кIант, цуьнан цхьамогIа гергарнаш, уллорнаш. Хьалхо Кадыровс Оьрсийчохь президентан харжамаш ма хIиттабе элира, йа веккъа цхьа Путин Владимир бен воцуш хIиттабе бохура.

Кадыровн цIарх орден Путинна луш омрана куьг йаздира 2007 шарахь, йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. "Амма хIинццалц хан, йа бахьана дацара иза цуьнга дIакхачон", – йаздина Кадыровс шен телеграм-каналехь. Делахь а, Кремлан сайтехь цунна Кадыров Ахьмадан цIарх орден йаларх хаамаш бац хIара хаам йазочу йукъанна.

КъурIан дагорна лаьцна волчу Журавель Никитин бехктакхаман гIуллакх доьдучу йукъанна хиира президентана и совгIат дIакхачорах. Путина бакъо йелира цуьнан гIуллакх Нохчийчохь листийта. Соьлжа-ГIаларчу СИЗО чохь Журавельна къиза йиттира Кадыровн 15 шо долчу кIанта Адама, тIаьхьо республикан Турпалхочун чин делира цунна.

  • Нохчийчоьнан лаккхара совгIат кхаьчна йуьртбахаман министрана, регионан урхаллин хьалханчан гIовсана Мацуев Висханна.
  • Гезгмашин-беттан 27-хь Кремлехь белхан цхьанакхетар хилира Путин Владимиран Кадыров Рамзанаца. Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла вуно телхина йу бохуш хаамаш баьржинчу муьрехь хилира иза. Цхьанакхетарехь йаьккхинчу видео тIехь Путина олу, республикерчу хьолах дийца дагахь ву ша – регионехь проблемаш йац олу вукхо.
  • Москвахь керла маьждиг делларх йолу идей къобалйина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, аьлла дIахьедина Кадыров Рамзана. Южное Бутово кIоштарчу шен ден Кадыровн Ахьмадан цIарх болчу урамехь доьллур ду иза, бохуш чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG