ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министр Кадыровн нуц хIоттийна


Кадыров Рамзан а, Адаман да, Нохчийчухула йолчу МВД-н хилла министр Алханов Руслан а. Архивера сурт
Кадыров Рамзан а, Адаман да, Нохчийчухула йолчу МВД-н хилла министр Алханов Руслан а. Архивера сурт

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллахийн министран кIант, Кадыровн шолгIачу йоIан Хадижатан хIусамда Алханов Адам Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министр хIоттийна. Цунах дIахьедина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Регионерчу урхаллин социалан блокан хьалханчан гIовсан дарже хIоттийра Алханов Адам лахьан-баттахь. "ХIинццалц регионан могушалла Iалашйаран декъехь эвсара куьйгалла латтош вара иза", аьлла дIахьедира Кадыровс иза оцу могушалла Iалашйаран министран дарже ваьккхича.

Алхановн официалерчу биографехь дуьйцу, 2010 шарахь цо экстернаца школа чекхйаьккхина, Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкарчу Шаржа гIалара америкхойн университет чекхйаьккхина. 2013 шарахь Дубайхь Австралихойн университет йаьккхина, тIаккха кхин а пхи шо даьлча Соьлжа-ГIалара политехникан колледж йаьккхина боху, юристан диплом оьцуш. Школе даханза долчу берийн Соьлжа-ГIалин департамантан хьалханча йолчу Кадыровн йоIан Хадижатан хIусамда ву Алханов.

  • Алханов Адаман дас Алханов Руслана республикера МВД-на куьйгалла деш 18 ша дара. Кадыровн йуьртахо ву иза. Алхановн цхьаволу ваша Соьлжа-ГIалин кIоштехула йолчу ОМВД-н куьйгалхо ву, важа – Соьлжа-ГIалин Ахматан кIоштан бахархойн белхийн Центран директор.
  • "Важные истории" гIирсо дийцарехь, Алхановн кIентан Адаман цIартIехь йара 2020-гIа шо карадаллалц Дубайра Пальма Джумейра ахгIайри тIера апартаменташ. Оцу хIусамийн мах бу 700 эзар долларш сов.
  • Нохчийчуьра пачхьалкхан даржаш дIалоьцу Кадыровн бераша, йижарша, йоIарийн хIусамдайша, йижарийн-вежарийн бераша, вежарша. Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира регионан пачхьалкхан хьукматашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан 52 гергарчух тептар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG