ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан муфтийс куьйгалла ден центр дуьхьал йу хьиджабаш лелор дехкарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказерчу бусулбанийн координацин центро критика йина Владимиран кӀоштарчу дешаран министралло регионерчу дешаран хьукматашкахь хьиджабаш а, никъабаш а, муьлхха а динан духар лелор дехкар. Центро сацам тӀеэцна, и низам конституцица а, федералан низамашца а догӀуш ду, йа дац талламбан.

Владимиран кӀошт Оьрсийчоьнан дуьххьарлера регион йу "дешархочун динехь хилар гойтуш долу духар а, цуьнан элементаш а" лелор дихкина – цунах богӀу сацам зорбане баьккхина гIадужу-беттан 25-чохь. Регионерчу дешаран министралло хьесап дира, Оьрсийчохь "килс пачхьалкхах дӀакъаьстина йу, цу йукъахь кху заманан дешаран сфера а" аьлла.

Цуьнца цхьаьна документехь билгалдоккху леррина исламан динан духар – хьиджабаш а, никъабаш а – дехкар, билгалдоккху Къилбаседа Кавказерчу бусулбанийн координацин центро. Цара цунах "популистийн низамехь доцу дехкар" аьлла, синкхетамна маршо луш йолчу Конституцин 28-чу артикалан а, дешарх лаьцначу федералан низамна а тIетевжаш. Цу тӀехь шера билгалдаьккхина ду, дешаран гӀуллакхех пайдаэца дихкина хилар, дешархошна динан тешарш йа тӀеэца, йа дӀатаса ницкъ бар.

Нохчийчоьнан муфтий коьртехь волчу центро доьху "жоьпаллечу хьукматашка" Владимирерчу хьаькамийн гӀуллакхийн юридикан мах хадор, ткъа иштта "пачхьалкхан тӀегӀанехь" и тайпа дехкарш дан йиш хилар дехкар.

Мангалан-беттан 23-чохь Дагестанехь теракт йинчул тӀаьхьа Оьрсийчохь жигара даьлла никъабаш лелор дехкарх лаьцна дийцарш. Меттигерчу тӀегӀанехь уьш лелор дихкина дара Дагестанехь а, ткъа иштта Кхарачойн-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХӀирийчохь а. Пачхьалкхан Думехь кховдийра хьиджабан дехкар йерриге дешаран хьукматашкахь тIеэца деза аьлла. Цу проектана критика йира Пачхьалкхан Думин Нохчийчуьра депутато Делимханов Адама. Ӏедало гӀортор ца йира проектана; цу тIехь кхоччуш болх бан беза аьлла.

  • Бусулба нехан координацин центро цхьаьнатухуш йу ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а, ГӀебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, Къилбаседа ХӀирийчоьнан а, Ставрополан а, Кубанан а, Адыгейн а муфтияташ.
  • Кхарачой-Чергазийчохь дӀайаьхьна Къилбаседа Кавказерчу бусулбанийн координацин центран кхеташо, цу юкъахь муфтияташа хаьржира цхьаьнакхетараллин куьйгалхо. 47 шо долу Нохчийчоьнан муфтийн, Кадыров Рамзанан хьехамчан Межиев Салахьан баьлла и кхаж, хаам бо ЧГТРК "Грозный" телеканало.
  • Мангал-бутт чекхболуш Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра кхайкхам бира, никъаб лелор "сихонца" дехка деза аьлла – иза хилира ХӀинжа-ГӀаларчу а, Дербентерчу а килсашна а, синагогашна а тӀелатар динчул тӀаьхьа дукха хан йалале. ТӀелатар динарш божарий бара, царех цхьаъ никъаб йохна къелхьара вала дагахь хилла боху хаамаш официалехь тӀечӀагӀбина бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG