ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан вице-премьер хIоттийна Кадыровн нуц


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Нохчийчуьра министрийн кабинетан вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийна Мацуев Висхан – мехкан урхалхочун йоккхаха йолу йоI йахнарг. Хьалхо бахаман, латтанан йукъаметтигийн министр вара иза. Кадыров Iайшат культурин министран даржехь йу.

Шен нуц керлачу дарже хIотторах хаамбина Кадыровс телеграм-каналехь. Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу кхеташонехь иза хIоттор доьхуш вистхилира Хучиев Муслим, ткъа республикин куьйгалхо цунна тIетайра.

Мацуев Висхана хуьйцур ву оцу даржера Кадыровн йишин кIант Закриев ИбрахIим (Якъуб) – дахначу кIиранахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омраца пачхьалкхан дола йаьккхинчу Danone компанин куьйгалле хIоттийна иза. Оцу йукъанна министран даржера Закриев дIавоккхуш хиларх цкъачунна хаийтина дацара.

Бахаман, латтанийн йукъаметтигийн министралле кхачале хьалха Мацуев Висхан Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин миграцин хьукматан хьаькам вара. Цуьнан да – Мацуев Зеламха – Кадыров Рамзанан доттагI а, хадархо а хилла ву.

Мукъадаьллачу бахаман, латтанийн йукъаметтигийн урхаллин дарже хIоттийна Бухадиев Мохьмад – хIинццалц схьа Ноьвран - кIоштан куьйгалхо вара иза.

  • 2020-чу шарахь хIоттийра Бухадиев Мохьмад Ньвран-кIоштан администрацин куьйгалле. Цул хьалха цо стенгахь белхаш бина цо, хууш дац.
  • Стохка гезгамашин-баттахь Кадыров Рамзана куьйгйаздира "Нохчийн республикан 100 кхачарна" мидалш дIасайоькъучу омрана. Мехкан администрацин а, Соьлжа-ГIалин мэрин а кеп-кепарчу даржашкахь болчу шен мел лахара, а 12 гергарчунна кхачийра цо и совгIаташ.
  • Нохчийчохь иттаннашкахь республикин урхалхочун гергара нах хIиттабо регионера лаккхарчу даржашка. Шен цIийнах болу нах хьалхатеттарехь цхьа а цецвийла хIума ца го цунна шена. "Сайн тешам берриг хIоттаво", - элира Кадыровс
  • Пачхьалкхан даржашкахь ду цуьнан бераш, йижарий, невцарий, йишин, вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира, республикин пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран тайп-тукхумерачу нахах лаьтта дуьззина тептар.
  • 2018-чу шарахь "Би-би-си" гIирсан оьрсийн сервисо дагардарца, Нохчийчуьра 158 лакхарчу хьаькамех 30% - Кадыровн гергарнаш бу. 2021-чу шарахь Кадыровн 22 шо долчу йоIах Нохчийчоьнан культурин министр хилира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG