ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан зорбанан министрана "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" мидал йелла


Дудаев Ахьмад
Дудаев Ахьмад

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министрана Дудаев Ахьмадна "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" II тIегIан мидал йелла. Ишта омра арахецна бакъонийн хаамийн сайтехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчан а, министран а даржехь волчу Дудаевна делла и совгIат "дуккха а шерашкахь даггара болх барна а, кхиамаш гайтарна а".

Кадыров Рамзанан уллерчу накъоста, Дудаев Ахьмада "Грозный" пачхьалкхан каналана куьйгалла дира, 2020-чу шарахь министран дарже хIоттийра иза. Оцу балхахь цо куьйгалла до меттигерчу пачхьалкхаан йерриг зорбанашна – масала, дайначу шеран гIадужу-баттахь цо дIахьедира, республикерчу журналисташа леррина курсашкахь дакъа лоцур ду, "хаамийн тIеман битамаш" Iамош. Журналисташца хиллачу цхьанакхетарехь Дудаевс элира, республикерчу зорбанийн белхахойн коьрта Iалашо – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "тешам" хилар ду.

2021-чу шеран гIуран-баттахь министрана Соьлжа-ГIалахь "Адамийн бакъонаш ларйарна" аьлла мидал а, "Оьрсийчоьнан патриот" билгало а йелира. Хьалхо Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дуьненайукъарчу динан маршонан Комиссин рапортехь Вашингтонна хьийхира, хьаькамийн аккаунташна тIехь "сийсазалле къерахуьлуш видеош арахецарна" Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш йаха аьлла.

  • 2019-чу шарахь Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Дудаев Ахьмада харцдора, республикехь нуьцкъаха бехказбийлийтаран практика йу бохург. Нохчийн Iедало "цхьанге а дехарш ца до, нуьцкъаха бехк ца биллар деха бохуш", хIунда аьлча, и низамо магош дац.
  • 2022-чу шеран товбецан-баттахь Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада "Первый каналан" журналист Куксенкова Ирина бехкейира республикан авторитет талхорна: "Тайра" цIарца йевзаш йолчу украинхойн парамедик йолчу Паевская Юлияца хийцина Нохчийчоьнан куьйгалхочун аннекси йинчу ГIирмерчу векалан гIовсан Саидов Мурадан кIантаца Саидов Адамца (Гриценко). Тамашена, цIена йоцу схема йу аьлла иза журналисто.
  • Оппозицихойн Янгулбаев Абубакаран а, ИбрахIиман а нана Мусаева Зарема лачкъорна жигара комментареш йора Дудаев Ахьмада. Амма цхьа хан йаьлча сецира иза дIахьедарш дечура. ЦIерш ца йохуш, цхьаболчу, цо ма-аллара, "питанчашка" къамел дира цо – дуьххьара нохчийн а, тIаккха оьрсийн а меттанашкахь.
  • Хьалхо Дудаев Ахьмада дIахьедира регионехь бехачу блогерийн "республикана а, къомана а хьалха декхарш хилар". Хьаькамна хетарехь, шайн социалан машанашкара агIонаш "хьалхатоьттуш" лелачу меттигера блогераш пайда оьцу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонерчу нехан а къинхьегамех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG