ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Ӏедалхоша шайн кисана дуьллу тIамехь дакъалаьцначу тутмакхашна лерина ахча, дIахьедина Кадыровн критикаша


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Украинера тӀаме хьийсочу тутмакхашна а, Нохчийчохь лечкъийначу нахана а Оьрсийчоьнан тӀеман министраллин цIарах луш долу ахчанаш дIа ца кхочу. Царна лерина ахча хьаькамаша дIаоьцаш ду. Цунах лаьцна дIахьедина нохчийн NIYSO олучу оппозицин боламехь, и хаам стенгара схьабаьлла а ца хоуьйтуш. Кхечу хьасташкара оцу хаамна тоьшаллаш дац, мехкан урхалхоша цунах лаьцна йина комментарий йац.

Доккхачу декъана NIYSO -н хаамца, ахча луш дац тIеман министраллин Серноводскера "Север-Ахмат" полкан базе бертаза балочарна. И тIеман база стохка стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, хӀинца лаьцна волчу тӀеман министран хиллачу гӀовса Иванов Тимура а дакъа а лоцуш схьайиллина йара.

Гезгамашан-беттан 2-чу дийнахь нохчийн жигархоша, иштта информаци мичара йу а ца хоуьйтуш дӀахьедира, оцу базе таIзар дина хилла, йа даминистративан тергонехь латтон махкара бахархой балош хиларх. ТӀеман министраллица бертаза контракташна куьйгаш йаздойту цаьрга, и нах тайп-тайпанчу цамгаршца боллушехь. Иза ФСБ-н тергонехь хуьлуш ду, чӀагӀдо NIYSO-но.

"Уьш цхьана хIумана сагатдеш бац, йа шаьш хIаллакдечу нехан дахарна а, йа нехан кхолламна а. Кадыровхошна йукъахь а цхаьммо джихIадан тIом ца лору и...Цундела тахана царна уггар коьртаниг - шайн кисанаш дузар ду, шай аьто болччуьра", - элира оппозицин жигархоша.

Хьалхо Кадыров Рамзана куьг йаздира нах схьакъестон белхан тоба кхуллуш. Цу тобана декхар дара, Украинана дуьхьал тӀамехь дакъалаца эскархой схьахаржар. Цу йуккъе богIура кхелаша бехке бина нах а, карарчу хенахь талам беш болу нах а. ХӀинццалц Нохчийчохь тутмакхашна вербовка йарехь дехкарш дацара, хӀинца республикехь харц бехктакхаман гӀуллакхийн терахь алсамдала мега, саготта бу бакъонашларъярхой.

  • Кху шеран гурахь а, аьхка а дуккха а нах лечкъийра Нохчийчохь. Цунах лаьцна дӀахьедира Оьрсийчоьнал арахьарчу Кадыровн критикаша. Цхьаболу нах билггал лечкъйина хилар тоьшалла дира "Мемориалан" хьостанаша а.
  • Кадыровн лерринчу ницкъийн "Ахмат" декъан командиро Батукаев Зелимхана видео йаьккхина NIYSO боламан векалан Нохчийчохь долахь долчу цӀенна хьалха. Кадыровхочо и бахам ша дӀабоккхур бу бохуш, кхерамаш туьйса оцу видео тIехь: "Хьо а, хьан тайпа а цкъа а кху кертахь Ӏийр дац хьуна, хӀара керт суна схьалур йолуш йу", бохура цо.
  • Марсахьокху-беттан 6-чу дийнахь Курскан кӀоштахь дӀадоладелира Украинан герзахойн тӀелатар. Цунна дуьхьалбевлира ФСБ-н дозанхой а, эскаре кхайкхинарш а. Оьрсийчоьнан z-блогерша дийцарехь, регионехь доза лардеш хиллачу Кадыровн дакъоша дуьххьара тохарш динчул тӀаьхьа, дозан меттигаш дӀа а туьйсуш, бевддера уьш аьлла. Иштта, цигахь йисаре лийцира Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан дакъошкара цхьаболу Нохчийчуьра эскархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG