ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу веана Медведев Дмитрий. Йолахой кечбечу базехь хилла иза


Медведев Дмитрий
Медведев Дмитрий

Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовс Медведев Дмитрий веана Нохчийчу. Мехкан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца иза хилира "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" а – иштта олу Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон йолахой кечбечу базех.

Медведевс бахарехь, "спецназан университетехь" 16 эзар сов "лаамхо" кечвина, хаамбо пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло.

Иштта Гуьмсехь Медведевс дIахьедина, Украинана дуьхьал тIаме хьийсрн беза Къилбаседа Кавказера дуккха а контрактхой аьлла.

  • "Оьрсийчоьнан спецназан университет" олу база кехаташца коммерцица йоьзна йоцу организаци лору. Оцу клубан йу Нохчийчуьра дешаран а, Iилманан а министраллин лицензи.
  • Гуьмсехь Iаморашкахь ду "Ахмат" дакъа а. Иштта цигахь кечамаш бо тIамана Росгвардин а, ОМОН-ан а белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG