ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчу йухавахар а, валар а цхьаъ ду ". Махкарчу мухIажарийн дийцарш


Хорватин дозанехь бу нохчийн мухIажарш, 2022-чу шеран гIуран-бутта, архивера сурт
Хорватин дозанехь бу нохчийн мухIажарш, 2022-чу шеран гIуран-бутта, архивера сурт

Оьрсийчоь Украинехь тIом беш йолуш, даймахкахь кхайкхийна мобилизаци а, дIахьош репрессеш йолуш нохчий шайн ма-хуьллу Евробертан пачхьалкхашка дIабоьлхуш бу. Кавказ. Реалии сайто хеттарш динчу бакъонашларйархоша a, тхов-кIело лоьхучу мухIажарша а дийцира шайх Iитталучу халонех.

Стигалкъекъа-баттахь Польшера Оьрсийчу депорт йира нохчочунна - дIавахийтале дIакъевлинчу куьпахь кхо бутт баьккхийтира цуьнга. Цо дийцарехь, иза дIавахийтаран бахьана цуьнан цхьана йукъанна деллачу картин хан т1ехйалар дара. Короновирусан карантин бахьанехь цо йуха ца доккхуш дитинера иза.

"Со дIавохуьйтуш ву соьга сарахь элира, ткъа буса сахьт даьлча дозанехьа дIавигира. Куьпахь телефон дIайаьккхира цара, со адвокатаца зIене ца валалуш, висира. Сан йерриге бакъонаш хьаьшнера, Оьрсийчохь - сан дахарна кхерам бара, Польшехь сан доьзал ша биснера",- дийцира кхерамзаллин дуьхьа шен цIе цайовзийтар дехначу къамелахочо.

Кхечу шен махкахойн хьелашка хьаьжча, кхуьнан хьал гIоле долуш ду. Масала, Гадаев Мохьмад, Мурадов Дауд. Къамел динчун Германи дIаваха аьтто белира, цигахь цо шена гIо доьхуш кехаташ чуделира. Оьрсийчуьра дIавахаран коьрта бахьана иза Нохчийчохь Ичкерин агIончашца цхьаьна тIом бина хилар дара.

"Нохчийчу йухавахар а, валар а цхьаъ ма ду суна, хIинцалерчу Iедало мел хьийзинарш кхетар бу сох

"И хиламаш бахьанехь 2008-чу шарахь суна, кхечарна санна тIаьхьабевлира Нохчийчуьра ницкъахой. ТаIзарш дира, ахчанаш даха гIиртира, сан накъостий шайга схьабийца бехира. Цара динчу таIзарша сан могушалла галайаьккхира. 2016-чу шарахь аса Оьрсийчоь йитира. Польше дIавахара со. Циггахь сайна политикин мухIажаралла дийхира",- дагадоуьйту цо. ВорхI шарахь изa цу пачхьалкхехь цхьана ханна деллачу кехатца ваьхна.

"Нохчийчу йухавахар а, валар а цхьаъ ма ду суна, хIинцалерчу Iедало мел хьийзинарш кхетар бу сох. Амма дика адамаш дуьненчохь хиларна, со хIинца Германехь ву. Кхин дIа дан дезачун ойла йийр йу аса",- дийцира цо.

15 шо хьалха Польшера Iедал мухIажаршца таханчул дика дара, мах хадабо депорт йинчун адвокато Сиениов Томаша (Tomasz Sieniow).

"ХIинца хала ду Польшехь политикин статус йаккха. Цу пачхьалкхехь политикин статус йаккха, Нохчийчуьра мухIажарша шаьш цига дахкаран бахьанийн тоьшаллаш далон деза",- дуьйцу адвокато. Юристо дийцарехь, цуьнан клиенто Iедалхошка гIо доьхуш, дIахьедарш цкъа дина ца Iа, амма вукхара цунна кехат ца ло.

"Цунна депорт йан мегаш дацара, амма тхан пачхьалкхо иза йира. Цуьнан доьзал Польше схьакхаьчча, цо дозанчийн урхалле дIахьедар дира, шена цигахь Iен магош паспорт доьхуш. И дIахьедар цара тергал ца дира. Цундела депорт суна низамца йогIуш ца хета",- тIечIагIдира Сиениовс.

ЦIахь латтош тоьхна хан а, дIаваларе хьежар

Депортацех лаьцна кхин цхьа дийцар ду, нохчийн мухIажарах О. Зелимханах.(цуьнан фамили йоккхуш йац.- билг. ред). Иза французийн набахтехь ваьллина ву. Шемарчу тIамехь Асад Башаран Iедална дуьхьал тIом беш хилла аьлла, бехке лерина. Цигара араваьллачул тIаьхьа депортацин куьпа кхача кхерам бара цунна. Цул тIаьхьа - Оьрсийчу. Зелимханан гергарчара иза бехке цахиларах дIахьедарш дира - цара бахарехь, иза Цхьаьнатоьхначу къаьмнийн цхьанакхетаралло (ООН) террорхойн леринчу цхьанна тобанехь лаьттина вац.

Шайн аьтто баларца, даймахка дIахьажор ву

Чохь йоккху хан токхуш хилла кхинберш санна, иза пачхьалкхера араваккха лерина дара Iедал, бакъдира французийн бакъонашларйархойн "Чеченский комитет" цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Паскаль Шодос. Амма, Зелимхин гергарчара бахарехь, Зелимхан цкъачунна Францехь ву, бутт хьалха иза набахтера араваьлла.

Оьрсийчоьнца кеманийн зIе цахиларна иза йалх баттана цIахь Iен хан тоьхна латтош ву, дуьйцу Зелимханан хIусамнанас Миланас.

"Шайн аьтто баларца, даймахка дIахьажор ву аьлла. Iуьйрана а, суьйрана а полицин декъе куьг йаздан воьду иза",- боху цо. Шен майрчунна мухIажаран статус ца йелла, Оьрсийчохь цунна кхерам хиларан керла тоьшаллаш дац аьлла.

Хорватехь кхайкхина мацалла

ДIабохуьйтучу нохчех 90 процент, дуьненайукъара адамийн бакъонаш хьошуш, дIалуш бу, аьлла хета нохчийн диаспорин цхьа могIа векалшна. Цу кепарчу кейсашца болх бинчу бакъонашларйархочо Шодо Паскальс бакъ ца бо и тайпа хьежам. Кавказ. Реалии корреспондентаца хиллачу къамелехь цо дIахьедира, цу тайпа низамца цадогIу арабохучу мигрантийн гIуллакхаш наггахь бен ца нисло аьлла.

"90 процент гIуллакхашкахь нохчийн бакъонаш хьаьшна ала ца хIутту со. Францехь хьехархо Самуэль Пати вийчхьана дукхаxберш махкара арабаьхна. ХIоразза а низам лардина эр дац аса. Амма иштта Европехь даимна хилла - сан ала йиш йац, иза бакъ дац. Наггахь нислора иштта, амма 90 % ца хилла",-реакци йира бакъонашларйархочо.

Европерчу миграцин урхаллашна ца хаьа Нохчийчуьра мухIажаршна Нохчийчохь а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а кхерам буйла, боху "Европерчу нохчийн цхьанакхетараллин" векало Дадуев Iийсас.

"Мобилизаци кхайкха ма йиннехь, кегийрхой пачхьалкхера дIаэха буьйлабелира. МухIажарийн бакъонех йолу Женевин Конвенци, Европин йерриге пачхьалкхаша куьг йаздеш, тIеэцна йу. Цо бакъо ло дахарна кхерам болчунна цу пачхьалкхашкахь шена догIу гIо деха. Амма Нохчийчуьра схьабаьхкинарш Евробертан латта тIехь къоман а, динан а билгалонашца йолчу дискриминацех чекхбоху",- тешна ву йукъараллин жигархо.

Цо масала даладо. Хорватерчу депортан центрехь нохчийн мухIажарша итт денна мацалла хIотторан. Меттигерчу хьаькамийн тидам шайна тIеберзорхьама дина дара цара иза. Оьрсийчуьра Iедалах бевдда, Украинерчу тIаме шаьш ца дигийта арабевллера уьш махкара, дIадаханчу шеран гурахь. Цара Хорватехь политикин статус йийхира. Амма Iедална уьш исламан радикалан боламашца уьйр йолуш хийтира. Адвокаташа а, бакъонашларйархоша и бехкаш цхьа а тоьшалла доцуш бина боху.

"ДIалаьцнарш хIинца бутт чекхбаларе хьоьжуш Iаш бу, Уьш лагерехь совцош бинчу сацамна латкъам чубелла. Амма лаккхарчу кхело иза ца магон тарло. ХIумма а ца хийцалахь, политикан мухIажарийн статус шайна ца оьшу ала мега цара. Оьрсийчу дIа а ца луш, шаьш кхечу пачхьалкхашка дIадахийтаре сатесна бу уьш - Босни а, Туркойчу а",- тIетуьйхира Дадуевс.

Цо дийцарехь, "Европерчу нохчийн цхьаьнакхетаралло" Европин кхеташонан адамийн бакъонийн комиссаре а, Хорватерчу адаман бакъонашна Iуналла дечуьнга а, Хорватин прокуроре а кехат йаздина. МухIажарийн бакъонашна тIехIиттар доьхуш. Цу кехатна цкъачунна жоп делла дац.

2022-чу шеран жамIашца, Нохчийчуьра, Оьрсийчуьра нехан миграци доьазза хьалайаьлла. ДIадаханчу шарахь Нохчийчуьра кхечу пачхьалкхашка дIавахна 1300 вахархо. Дукхахберш СНГ пачхьалкхашка боьлху.

  • 2022-чу шеран чиллин-баттахь Нохчийчохь цадевзинчу бахьанца кхелхира Францера Оьрсийчу дIавелла 19 шо долу Мурадов Дауд. Иза дIаьвшаца вийна аьлла тешна бу цуьнан гергара нах.
  • 2022-чу шеран гезгмашин-баттахь Европан адамийн бакъонийн кхело сацам бира, нохчийн шина мухIажаран латкъамаш хьокъехь. Французийн Iедалхоша Оьрсийчу дIавала кечвинера и шиъ. Кхело шинна гIуллакхехь хьалхо бина сацамаш Европерчу адамийн бакъонийн конвенцин кхозлаг1чу артикалца цадогIуш лерира. Цу артикло магош дац Iазапаш, къизалла, сийсазалла, сийна тIекхийдар - цу хьелашка кхачадо депортацино адам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG