ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу йухавахна Джамбетов дезертир лерина Украинан къайлахчу сервисаша


Джамбетов Хьусейн
Джамбетов Хьусейн

"Бандера" цIарца Украинан пачхьалкх Iалашйеш лелла, цул тIаьхьа Нохчийчу йухавирзина, Кадыров Рамзанан режимна тIетайна Джамбетов Хьусейн дезертира лерина Украинан кхерамзаллин Урхалло. Цунах лаьцна дуьйцу Коьртачу талламан урхаллин куьйгалхочун гIовсан Буряк Александран жоьпехь (Кавказ.Реалиин редакцигахь йу кехатан копи). Цуьнца догIу жоп дехар чуделла Нохчийн Ичкерия республикин коьртачу прокуроран декхарш кхочушдечу Багашев Iимрана.

Документехь билгалдоккху, Бахмутан кIоштара (Донецкан кIошт) украинхойн тIеман ницкъаша куп тоьхна хилла меттиг Джабетовс шен лаамехь дIатесна хилар. Цул совнах, СБУ-но толлуш ду Кадыровгахьа дехьаваьлларг гунахь вуй украинхой байарна, мел герга вара иза конфиденциалан информацина а.

Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмада Кавказ.Реалиин сайтана дийцарехь, Джамбетов Ичкерин тIеман ницкъашна йукъара воккхуш омрана куьйгйаздира цо 2022-чу шеран гIуран-беттан йуьххьехь.

"Шозза йа кхозза къамел хиллера сан цуьнца. АллахIа шена тIедиллина цхьа леррина декхар ду бохура цо. ТIаккха со кхийтира и стаг могуш воций. Иза эскарера дIавоккхуш аса омрана куьг йаздинчу хенахь, иза Украинехь вацара", - элира Закаевс.

Стохка Джамбетов Хьусейн тIаме хIоьттира Украинехьа, 50 оьрсийн салтий вен а вийна, шен доьзал болчу Бельги йухаверза Iалашо йу шен бохура цо. Марсхьокху-баттахь официалехь дIакхайкхийра цо, ша Нохчийн Ичкерия республикин Украинан Арахьарчу Легионан декъехь йолчу Къаьстинчу батальонан (ОБОН-н) майор ву, информацин-аналитикан декъан хьаькам а ву аьлла.

Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь гучувелира Джамбетов – иза республике йухаваханера, Кадыров Рамзанан рожах воккхавуьйш хилар дIа а хоуьйтуш. ХIетахь Джамбетовс дийцира, тIамехь масех украинхо вийра ша, лаза а вира "ахматхой" сийсазбарна. Республикехь муьлхачу хьелашкахь вехаш ву дехьаваьлларг хууш дац- цкъачунна цхьана а кепара дарж цуьнга кховдийна дац. Оцу йукъанна йукъ-кара вистхуьлу иза кеп-кепарчу инициативашца: масала, кхайкхамаш бо цо дозанал а арахьа бехачу нохчашка цIа дуьйла олий, йа кхечу пачхьалкхашкара даймахка хьажа-хIотта баьхкинчарна лерина герз кхосса Iамош курсаш йу олий кхайкхадо.

  • Оьрсийчохь Джамбетов Хьусейнна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх ду террррхойн йукъаралла вовшахтохарна, цуьнца а догIуш, 15 шарера 20 шаре гергга колонихь йаккха хан кхачайо цунна. Оцу йукъанна 2003-чу шарахь лехамашка веллера иза бакъоларйаран органийн белхахочун дахарна тIекхевдина аьлла. Делахь а, цунах новкъарло ца хилира цунна пачхьалкхе йухавоьдуш.
  • Джамбетов 18 шарахь Бельгихь ваьхна, хецна голландхойн мотт буьйцура цо, Розеларе гIалахь жижиг духкуш вара иза. Бельгихь доьзал биссина цуьнан – зуда а, ворхI бер а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG