Волгоградехь КъурIан дагорна бехкевеш волчу Журавель Никитин Соьлжа-ГIалахь дIахьош долчу бехктакхаман гIуллакхехула зен хилларш лаьрра 13 меттигера имам. Хьалхо Висаитовн кIоштахь кхел ца хилира – цигахь листа дезаш дара цуьнан гIуллакх – зен хилларш цига ца баьхкира, йа ша бехкевийриг ца валийра цига СИЗО чуьра схьа.
Дине шен болчу цабезамна тIехула хулиганалла лелорна, Делах тешачу нехан синхаамаш сийсазбарна а, Iамал йечу меттигашкахь и дарна бохучу артиклехула бехкевеш ву Журавель. Иза бехкевеш йолчу КъурIан дагор гойтучу видео тIехь гуш ду, Волгоградерчу маьждигна жимма гено ваьлла и дина хилар – тIехьарчу фонехь гуш ду маьждиг.
- Журавель лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан версица, СБУ-н тIедилларца дагийна хилла цо КъурIан, цара 10 эзар сом лур ду аьлча. Ницкъахоша дIахьедина, Журавеля мукIарло деш, дIахьедина, ша СБУ-на лерина тIеман гIишлойн суьрташ дохуш вара аьлла. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "зен хилларш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах.
- Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттира 15 шо долчу республикан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыровс Рамзана. ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочун чин делира цунна.
- Нохчийчуьрчу полицино таллам болийра, амма сацам бира – Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант жоьпалле озон йиш йац иза дукха жима хиларна.