ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра 43,5 эзар стаг тIамтIе вахийтарх дIахьедина. Царех 18 эзар - "лаамхой" бу


Нохчийчуьра эскархой. Архивера сурт
Нохчийчуьра эскархой. Архивера сурт

Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина 2022-чу шеран чиллан-баттера схьа дуьйна Украинана дуьхьал бечу тIаме махкара 43,5 эзар стаг вахийтарх. Царех 18 эзар стаг – лаамхой олурш бу боху, Гуьмсера "спецназан университетехь" кечам бина.

Цунах лаьцна Кадыровс дIакхайкхийна президентана Путин Владимирна хьалха Москвахь хиллачу цхьанакхетарехь. Путинан омраца махкара кхин а иттаннашкахь эзарнаш эскархой хьовсон кийча ву ша аьлла цо.

Кадыровс дIакхайкхийна терахь зен аьтто бац. ТIаьххьарчу баттахь масийттаза дIахьедира цо Нохчийчуьра Украине керла тобанаш хьовсорах – тIаьххьара, стигалкъекъа-беттан 21-чохь бинчу хаамца, 50 гергга ву "лаамхо" олург. Царех цхьаберш дуьххьара тIамтIе хьовсийна бац – нохчийн Iедалхойн статистика йукъахь йух-йуха "командировке" бахийтинарш буй а, хууш дац.

Муьлш бу дIакхайкхийначу 27,5 эзар стагана йукъахь "лаамхой" боцурш а, хоуьйтуш дац. ТIом болабелчхьана масийттаза хаамаш кхочура республикера, бертаза тIамтIе хийсабо оппозиционерийн гергарнаш, наркотикаш лелораш, къаьркъа молуш хаабелларш, шайггара дуьхьал доху бехзуламан гIуллакхаш тIелеца дуьхьал хилла лечкъийна кегийнах бохуш. Бара царлахь хIинццалц болх, алапа, таронаш латторна "декхар такха" аьлла, лаамза цига бахийта арабаьхна эскархой а.

Кавказ.Реалиин редакцина хууш ду Украинехь веллачу Нохчийчуьра 269 вахархочух, и терахь масийттаза лахара ду официалехь Iедалхоша дIакхайкхийначул а.

Цул совнах, регионан куьйгалхочо хаамбира 1,7 эзар гергга машен а, 6 эзар ца кхоччуш дрон а эцна шаьш аьлла. Цо бахарехь, денна Нохчийчоьно оьцуш йу 100 гергга квадрокоптер. Уьш оьцуш йу Кадыров Ахьмадан цIарахчу йукъараллин фондан чоьтах, дерриг а Нохчийчоьно тIамана дайинарг 32 сов миллиард сом ду боху – официалехь фондан оццул ахчанаш дац.

  • Украинехь тIемаш бечарна лерина Нохчийчохь Maviс 3 Enterprise итт дрон ийцира. Уьш йеш йерг китайхойн DJI компани йу. 2022-чу шарахь цара дIахьединера, тIеман Iалашонашкахь царех пайдаэцийта йухкуш йац шаьш аьлла, "жигара дуьхьало йо" бохура Оьрсийчоьнна а, ишта Украинан тIеман ницкъашна а уьш лело.
  • Нохчийчоьнан урхаллехь волчун ден Кадыров Ахьмадан цIарах фонд кхоьллина йу 2004-чу шарахь, цуьнан куьйгаллехь йу Кадыров Рамзанан 70 шо долу нана Кадырова Аймани. Организацих масийттаза элира "Кадыровн бохча", цу фонде бертаза ахчанаш дохкуьйту бюджетан белхахошка. Фонд Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин санкцийн тептарехь йу. Стохка Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш йехира Кадырова Айманина дуьхьал а.
  • Кадыров Рамзана дIахьедира, тIамехь дакъалацарехь республико план тIехкхочушйина, цо таро йелла тIеман кечам бина боцу меттигера бахархой йукъа ца ийзон. Бакъонашларйархоша а, меттигерчу бахархоша а кест-кеста хаамаш бо бIостане.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG