ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, Волгоградан кIоштара а хьехархой Соьлжа-ГIалахь Iамор бу дронаш лелон


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2024-чу шарахь 250 гергга хьехархо Iамор волуш ву Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан мехкадаьттан университетан базехь дронаш лелон. Муьлхачу дисциплинийн хьехархой Iаморашкахула чекхбохур бу, къастийна дац.

Кечамбаран программин декъашхой хир бу Нохчийчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, Волгоградан кIоштара а школашкара, колледжашкара, техникумашкара хьехархой. И хаамбина республикера "Чечня Сегодня" хаамийн гIирсо.

Iамораш шина кIиранчохь хир долуш ду – хьехархой Iамор бу кеп-кепара дронаш хIаваэ гIаттон, уьш лелон, вовшахтаса а. Программа дIахьош хир бу дронош хоьхкучу нохчийн Федерацин белхахой, "БАС-на кадраш" аьллачу федералан проектан гурашкахь хир йолуш и программа.

Официалера презентацихь аьлла ду, 2030-чу шарахь дронаш лелон Iамор йоллу школашкахь а, йуккъерчу дешаран хьукматашкахь а, цул тIаьхьа лакхарчу доьшийлашкахь а дисциплина санна йаржор йолуш йу аьлла. И оьшуш ду, оцу декъа йукъа мел а алсам нах ийзон, дIахьедира хьалхо Iедалхоша.

Чиллан-баттахь Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан университетана 254 миллион сом грант кхачийра индустрихь, машенаш йарехь, дронаш йарехь инжиниринган талларш даран центрана аьлла. Керла технологеш стенгахь лелор йолуш йу – бахархойн, йа тIеман сферехь, центр маца болхбан йолалур йолуш йу а, хууш дац.

  • 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан университет Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш бухахь йу, Украинехь тIом болорца доьзна.
  • 2022-чу шеран йуьххьехь Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан мехкадаьттан университетан ректоро Минцаев Мохьмада массарна а хезаш элира, ша Нохчийчоьнан урхалхочун "гIашсалти" ву аьлла. ХIетахь мехкан Iедалхоша оцу кепара флешмоб йукъайаьккхинера социалан машанашкахь, амма башха кхин гIара ца йелира и.
  • Стохка мангал-беттан 27-чохь нохчийн студенташ йукъахь а болуш, Курскехь лабараторихь кечйина "Союз" ракети тIехь "Ахмат-1" спутник хийцира. Оцу кепара аппарат йан тарло каталагашкахула, ша "Ахмат-I" кхин къаьсташ йац Дуьненан орбите эхийтинчу эзара оцу тайпа спутникех, бохура профилерчу эксперташа Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь. Оцу йукъанна и хилам "бIаьрла" лерира Нохчийчохь, ткъа меттигера пропагандана Кадыров Рамзанан дакъа гира цу тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG