ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра адвокатан Идалов Тимуран аьтто хилла прокурорана кхерамаш тийсарх гIуллакх кхечу кхеле дIадалийта


Идалов Тимур
Идалов Тимур

Москвара Никулинан кIоштан прокурорана кхерамаш тийсина аьлла, бехкевечу адвокатан искехула бина хилла шайн сацам Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело йухабаьккхина. Юристо дехнера шен бехктакхаман гIуллакх Нохчийчу дIахьажор, гезгамашин-баттахь Никулинскан кхелехь дитинера цуьнан гIуллакх, амма хIинца Химки гIаларчу кхеле хьажийна, аьлла ду суьдхойн документаш тIехь.

Идалов бехкево 2022-чу шеран гIадужу-баттахь прокурорана кхерамаш тийсина аьлла. Бехктакхаман гIуллакхехь дакъалоцучу цо прокуроре аьлла хиллера: "Хьо комиссар Каттани-м вац (италхойн сериалашкахь мафица къийсам латториг – Редакцин билгалдаккхар.), цунна тоьпаш ма тоьхна".

Апелляцин латкъамехь бехкевечу Идаловс билгалдаьккхира, шена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх Москвара Никулинскан кIоштан суьдхочо арз дина, дуьхьал айдина ду. Ткъа волайнхо лоруш ву Москвара пачхьалкхан бехкбиллархойн декъан прокурор. Лакхарчу кхелан апелляцин коллегино хьесап дина, оцу хьоло "кхелахоша нийсо лелийна цахиларх шеконаш йуьтур йу" аьлла, цундела дов хаттар кхечахьа хилийта сацам бина. Адвокатан Идаловн гIуллакх хIинца луьстур ду Москван кIоштара Химки гIалин кхелехь.

Суьдхочун инициативаца адвокатана дуьхьал гIуллакх даьккхина Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхар аьллачу артиклехь. 2023-чу шеран оханан-баттахь лецира иза. Товбеца-баттахь цуьнан ка йелира аравала. Адвокато шен бехк тIе ца буьту. Цуьнан адвокаташа бекхам бар ду элира цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккхар, цо цхьа могIа резонансе гIуллакхаш лелош хиларна.

  • Идалов Тимур дика вевзаш ву цхьа могIа резонансе гIуллакхаш йукъахь иза хиларца. ГIалгIайчуьра экстремизмна дуьхьало латточу Центран хьалханча Эльджаркиев ИбрехIим верца доьзначу гIуллакхехь бехкевен Белхороев Алиханан адвокат вара Идалов. Цо Iалашвеш вара Хабаровскан экс-губернаторца Фургала Сергейца доьзначу гIуллакхца таIзар дина Кадыров Мурат а. 20I8-чу шарахь Идалов адвокат хIоьттира ГIебарта-Балкхаройчуьра Бегидов Альбертан. Иза бехкевора Кировн кIоштара Омутнинскера "таIзаран" колонин белхахочунна тIелатар дина аьлла. Цул совнах, Идаловн юкъарлонаш ду Лев Пономаревн "Адамийн бакъонашкахьа" цIе йолчу боламца,
  • Идалов Тимур – Нохчийчуьра ву, милцо болх бина цо, дагадоуьйту "Новая газета. Европа" хьасто. Дуьххьара таIзар динера цунна, I999-чу шарахь Эрмалойчоьнан президент хила гIерта Джилавян Серж лачкъийначу тобанан куьйгалхо хилла ву аьлла.
  • 2012-чу шарахь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело компенсаци кхачийра цунна, кхел харцонца йарна а, цуьнца къизаллаш лелорна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG