ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра баьхкинарш йукъахь а болуш летарш хилла Дагестанехь, лаьцна 16 стаг - зорбанаш


Дагестанера полици, гайтаман сурт
Дагестанера полици, гайтаман сурт

"Совесть Дагестана", Mash Gor телеграм-каналаша хаамбина Избербашехь Нохчийчуьра баьхкина нах йукъахь а болуш летарш хилла аьлла. Дийцарехь, инцидент нисйелла товбеца-беттан 21-чу дийнахь.

Зорбане йаьхначу видеошца а догIуш, летта гIалин пляжехь, цига кхаьчна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой а, царех цхьаммо хIаваэ герз диттина. Mash Gor каналан хаамашца, цу йукъахь хилла 16 стаг полици дIавигина. Царех Нохчийчуьра маса ву, хууш дац.

"Меттигерчара бахарехь, садаIа баьхкинарш къаьркъа мелла бара, оцу тIехула девнаш дийлира", - билгалдаьккхина телеграм-каналийн авторша.

Избербашехь нах летарх лаьцна йина комментарий йац бакъоларйаран органаша, Дагестанан а, Нохчийчоьнан куьйгалхоша Меликов Сергейс а, Кадыров Рамзана а санна. Лазийна нах царлахь буй а, къаьстина дац.

  • Охан-беттан 14-чу дийнахь лецира Дагестанехь Нохчийчуьра орцан министраллин куьйгаллхо, Кадыров Рамзанан бIанакъостех волу Цакаев Алихан. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, контролан пунктехь лаккхара даржхо тIелеттера полисхошна "Герзелан тIай" олучу меттигехь. ТIечIагIбазчу хаамашца, Цакаев къаьркъа мелла хиллера, иза дIавига тIаьхьабаьхкинера нохчийн нцкъахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG