Бакъоларйархочунна Орлов Олегана диъ эзар евро компенсаци хIоттийна Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. 2018-чу шарахь "Мемориалан" Нохчийчуьра декъан куьйгалхочуьнгахьа Титиев Аюбехьа хIоттийначу пикетехь низамехь доцуш ша лацар къоьвсинера цо.
Мангал-беттан 13-чохь Страсбургера кхело бинчу сацамах лаьцна хаийтина адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро.
Оцу хенахь бакъоларйаран "Мемориал" центран урхалхойн декъехь хилла Орлов Олег а, "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхо Ганнушкина Светлана а лецира 2018-чу шеран товбеца-беттан 9-чохь Москвара Манежан майданахь. "Маьршаваккха Титиев Аюб!" тIейаздина плакат эцна пикете даьллера и шиъ нохчийн бакъоларйрхочун довхаттар долийначу дийнахь. Кхело 10 эзар сом гIуда тIедожийра Орловна нахана йукъахь барам хIотторан къепе йохор аьллачу артиклехула.
Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира маьрша гуламаш дIабахьа йелла бакъонаш а, тIекховда йиш йацар а, озабезамаш боцуш кхел йар а Орловн дохийна аьлла.
"Йозуш йоцчу кхелан хIора сацам – харцонаш лелор чIагIдар, иштта волайнхошна а, шайн ма-хуьллу аьзнаш лакъон хьийзачу уьш Iалашбечарна а гIолаттор ду", - билгалдаьккхира Орловн интересаш лелочу "Мемориалан" юристо Шедов Дениса.
Ишта Шедовс тидаме ийцира, ЕСПЧ-кхело къобалбина сацам дуьххьарлера хилар "латкъамийн генераторан" – "Мемориалан" а, "ОВД-Инфон" а йукъарчу проектаца кхоьллина болу.
- 2009-чу шарахь хIоьттира Титиев Аюб "Мемориалан" нохчийн декъан куьйгалле - Эстемирова Наталья йийначул тIаьхьа. 2018-чу шарахь марихуана чохь пакет тесна, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхира наркотикаш латтош хилла аьлла. Бакъоларйаран йукъаралла ца тийшира Титиев бехке хиларх, и гIуллакх политикан бух болуш ду элира цара. Ша Титиевс дIахьедира, Нохчийчуьра ницкъаллин структурин белхахоша наркотикаш тесна йара шена аьлла. Бакъоларйархочунна хетарехь, цо дина мукIарло ца теллина ца Iаш, цуьнан гIуллакхан материалашкахь кхин тIе а харцонаш лелийра. И дерриг а динера, "Мемориале" Нохчийчуьра болх сацабайта, бохура цо. 2019-чу шеран зазадокху-баттахь бакъоларйархочунна диъ шо хан туьйхира колонихь даккха. Титиев лаьцначул тIаьхьа Iаткъам бан болийра Нохчийчуьра "Мемориалан" офисера цуьнан белхан накъосташна, тIаккха сацон дийзира церан шайн болх.
- Орлов Олег – Оьрсийчоьнан уггар а бевзачех бакъоларйархо ву. Нобелан машаран совгIат деллачу бакъоларйаран "Мемориал" Центран куьйгалхо вара иза йуьхьанца. Чилан-беттан 27-чохь ши шой ахшой туьйхира цунна колонихь даккха, "Оьрсийчоьнан эскарна йуха а дискредитаци йарна" аьлла, цуьнан тIамана дуьхьал вистхилар бахьана долуш.
- Amnesty International организацино эхь-бехк долу тутмакх лерина иза, цунна дуьхьал айдина гIуллакх "шайн оппозицин хьежамаш маьрша дIахьебечу нахана дуьхьал саццаза лелочу репрессийн кампанин" эпизод йу элира.
- Шуьйрачу тIамца Украине Оьрсийчоь чугIоьртинчул тIаьхьа Европан Кхеташонан йукъара араелира, дуьхьал хилира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.