ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра белхан накъостехьа пикетехь йаларца доьзна ЕСПЧ-н гӀуллакхехь толам баьккхина бакъонашларъярхочо Ганнушкинас


Ганнушкина Светлана
Ганнушкина Светлана

Европерчу кхело бакъонашларъярхочунна Ганнушкина Светланина диъ эзар евро компенсаци хIоттийна, 2018-чу шарахь "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочунна Титиев Аюбанна гӀортор йеш дӀайаьхьначу пикетехь Москох низамехь а доцуш лаьцна латторна.

Товбеца-беттан 4-чу дийнахь Страсбургерчу кхело тӀеэцначу сацамах лаьцна хаам бина бакъонашларъяран "Мемориал" Центро.

"Гражданское содействие" комитетан куьйгалхо Ганнушкина Светлана а, хӀетахь "Мемориал" адамийн бакъонашкахула йолчу центран кхеташонан декъашхо хилла волу Орлов Олег а лецира 2018-чу шеран товбеца-беттан 9-чу дийнахь нохчийн бакъонашларъярхочунна тӀехь кхел йолаеллачу дийнахь Москох Манежная майданахь. Пикете бевллера уьш "Маьрша ваккха Титиев Аюб!" аьлла карахь лозунгкаш йолуш.

Кхело Ганнушкина 10 эзар сом барамехь гӀуда тоьхнера юкъараллехь барам дIахьош къепе йохор аьллачу артиклца, и сацам тӀаьхьо ницкъе бирзира.

ЕСПЧ-кхело къастийна Ганнушкинан хьокъехь йохийна хилла маьрша гуламан бакъо а, стеган маршонан а, кхерамазаллин а бакъо а, озабезам боцуш кхел йан бакъо.

Изза сацам бинера Орлов Олегах лаьцна мангал-баттахь Европан кхело. "Мемориалан" адвокато Шедов Дениса билгалдаьккхира, Орловн а, Ганнушкинан а латкъам дуьххьарлера реза хилла ЕСПЧ-н кхайкхам хилар, "латкъаман генераторан" гӀоьнца кхоьллина – "Мемориалан" а, ОВД-Инфон а цхьаьна проект.

  • Эстемирова Наталья йийначул тIаьхьа, 2009-чу шарахь "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан коьрте хIоттийра Титиев Аюб. 2018-чу шеран дечкен-баттахь цунна марихуана чохь тӀоьрмиг а тесна, наркотикаш лелорна бехктакхаман гӀуллакх долийра. Бакъонашларъярхоша Титиев бехке хиларх ца тешаш, и гӀуллакх политикан ду аьллера. Цо ша а дӀахьединера, и наркотикаш шена тӀе нохчийн ницкъаллин структурийн белхахоша йехкина хиларх лаьцна. Талламо, Титиевс бахарехь, цуьнан тоьшаллаш теллина ца Ӏаш, леррина харцдина гӀуллакхан материалаш а. И дерриг а дина ду "Мемориало" Нохчийчохь болх сацорхьама, элира цо. 2019-чу шеран зазадокху-баттахь таӀзаран колонехь даккха 4 шо хан туьйхира бакъонашларъярхочунна. Титиев дӀалаьцначул тӀаьхьа, цуьнан белхан накъосташна тӀеӀаткъам бинчул тӀаьхьа Нохчийчуьра "Мемориал" офисан болх сацийра.
  • Ганнушкина Светлана йу мухӀажаршна а, махкахь махкахбевллачарна а гӀо деш йолчу "Гражданское содействие" цӀе йолчу фондан куьйгалхо. Оьрсийчоьно Украинина тӀелатар динчул тӀаьхьа цу фондо гӀо до Оьрсийчоьнан территори тӀехь чекхбевллачу Украинин мухӀажаршна а, тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаца ца луучу оьрсашна а.
  • Оьрсийчоь, Украинана буьззинчу барамехь тӀелатар дан долийна дукха хан ялале, Европан Кхеташонера арайелила, ЕСПЧ-н сацамаш кхочушбан реза ца хилира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG