ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра, Дагестанера схьабевлларш балха ца оьцу бохург "фейк" йу аьлла Wildberries компанино


Москвана гергара йолу Wildberries-н склад. Гайтаман сурт
Москвана гергара йолу Wildberries-н склад. Гайтаман сурт

Нохчийчуьра, Дагестанера схьабаьхкина нах балха цаэцар шен белхалошна дIахьедина ду интернетехула хIуманаш йухкучу Wildberries компанехь, аьлла дIахьедира Baza телеграм-канало, шега и аьлларг мила ву ца дуьйцуш. Амма фирман пресс-белхалоша шайн Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь и бакъ дац, и хаам "фейк" йу элира.

Baza-н хаамца, Дагестанера вахархо Домодедово балха хIотта вахча, хьо Дагестанера ву аьлла, балха ца эцна. Цкъа хьалха церан белхалочо-зудчо аьллера иза, йуха неIаран гIаролехь волчо тIечIагIдира. Видео тIехь неI ларйеш волчо боху шен компанин уставна тIехь Нохчийчуьра а, Дагестанера нах балха ма эца аьлла ду. "ХIун дийр ду ахьа царна?"

В Wildberries и хаам харц бу аьлла. Кавказ.Реалии сайто шайга хеттарш делча, "бакъ дац, тхан логистикан комплексашкахь масех эзар стаг цу аша йуьйцучу регионашкара ву аьлла", ткъа журналисташа "доцург дуьйцу".

"Baza" журналисташна экскурси а-м йийр йу аса, эшахь, Нохчийчуьра, Дагестанера болу нах а гойтуш. Цара шаьш дуьйцур ду шуна шайх лаьцна. Шайн балхах лаьцна а.

"Baza телеграм-каналана и тайпа дискриминацеш оха ца лелайола дIа а хоуьйтуш, уьш Нохчийчуьра а, Дагестанера а тхан белхахошца цхьанакхетийта йиш йу тхан. Цара дуьйцур ду шайн Wildberries компанехь болчу балхах а, цара лелочу дискриминацин хаамийн политикех шайна хетарг а", - аьлла ду компанин векало деллачу жоьпехь.

  • Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело теллина Москварчу ГУ МВД-га хьалхо цигахь болх бина волчу Идрисов Ахьмада кховдина арз. Низамехь доцуш, ша балхара дIаваккхарх а, къоман билгалонца дискриминаци лелорна а латкъам бина цо.
  • Нормандерчу Валь-де-Рей гIалахь Марк Антуан Жамес шен официалерчу твиттеран аккаунтехь нохчийн бераш бехкедира школехь дов эккхарна. Цо йаздинчунна цатам хилира дуккха а машанарчу пайдаэцархошна. Цо аьллчунна дуьхьало йеш вистхилира "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG