Нохчийчуьра векал пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама дIахьедар дина, шайн эскархоша Украинин йийсархошца "ларам" лелабо аьлла. Амма цо бохуриг а, цара лелориг а цхьаъ доцийла гойтуш, дуккха масаллаш ду. ДIалийцина йийсархой вуно къизачу хьелашкахь латтош хааделла.
Делимхановс тIетуьйхира: нохчийн эскархоша украинхойн йийсархой "сийсазбийр бац, цаьрца шаьш къиза хир дац", бохуш, дуьйцу "Чечня сегодня"сайто.
ДIадаханчу шеран марсхьокху-баттахь Bellingcat а, The Insider организацийн талламхоша оьрсийн эскархочун идентификаци йира. Украинхойн йийсархочун таIзар динарг хила тарлуш вара и. Талламхоша дийцарехь, иза Нохчийчуьра "Ахмат" батальонан декъашхо ву, амма Тува регионан вахархо ву. Кхин а царна хиира, тIеман йийсархочунна и таIзараш Луганск - махкарчу "Приволье" санаторехь дина хилар. Ишта - цу таIзаршлахь дакъа лаьцна хила тарло "Ахмат" батальонан кхечу декъахоша а.
- Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Алаудинов Аптис шена бехк цабиллар дийхира - Северодонецкера украинхойн эпсаран бIаьргийн гонаш сенбарна. "Ца оьшу хьо бехказвийла" элира цуьнга Кадыров Рамзана.
- ГIадужу-баттахь Нохчийчу Кадыровца "къамел дан" украинхойн йийсархой балийра. "Россия 1" Iедалан канало дийцарехь, Украине баханчу Кадыровн кIенташа лаьцна балийна бара уьш. Цу йийсархошна ницкъ бина, ца бина, уьш муьлхачу хьолехь бу цкъачунна хаа таро йац.