ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра эскархойн хьокъехь 2023-чу шарахь дуьхьалдаьхна гIуллакхаш - тIамах идарца доьзна дара


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Соьлжа-ГIалара тIеман кхело 2023-чу шарахь листина бехктакхаман 78 гIуллакх, царех 47 шайн лаамехь тIеман дакъа дIатасарна а, тIеман а, мобилизацин а хьелашкахь тIамах идарна а ду. ТIаьххьарчу масех шарахь хIара уггар а лакхара терахь ду.

Стохка кхеле кхаьчначу бехкзуламан гIуллакхийн доккхаха долу дакъа гIаттийна ду Украинехь тIом баьллачу хьалхарчу шарахь тIеман гIуллакхна пебеттарна. Дустуш аьлча – 2022-чу шарахь Соьлжа-ГIалин гарнизонан кхело теллина дезертиралла лелорна а, шен лаамехь тIеман дакъа дIатасарна а айдина 23 бехкзуламан гIуллакх, 2021-чу шарахь – 40, 2022-чу шарахь – иштта гIуллакх 44 дара.

Сайтехь зорбане даьккхина дац дукхахдолу таIзарш дарх лаьцна, амма сацамаш барх хаа аьтто бу Къилбан гонашкара тIеман кхелан апелляцин билгалдаккхарехь.

Ишта, Нохчийчохь гIуллакх деш хиллачу контрактхошна Самсонов Дмитрийна а, Хмелев Александрна а шишша шераш туьйхира колонихь даккха, Батырханов Аланна а, Шахмарданов Магомедна а цхьацца шо туьйхира, Лаврухин Андрейна а, Фатхутдинов Ильсурна а, Османов Измутдинна а 5,5 шераш кхайкхийра. Сулейманов Саматна а, Казимагомедов Ширванина а пхиппа шераш.

Кхелаш йинчарлахь нохчийн фамилеш, цIераш йолу нах кIезиг хиларо тIечIагIбо хьалхо эксперташа бовзийтина тергамаш. Кадыровхойн батальонашкара дукхахболу йолахой йоллу Оьрсийчуьра бара, Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университет" олучу базехь кечбина, дуьйцура цара.

Шайн лаамехь эскархойн дакъа дIатасарх а, дезертиралла лелорах а йолу артиклаш йоцург а, 2023-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу кхелашкахь листина мотт тохарх йалх бехктакхаман гIуллакх: курхаллех диъ гIуллакх, оццул ду – командираша бохург ца дарна, шиъ "наркотикан" артиклаца, иштта цхьа могIа кхин а.

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодекса йукъаэцна дезертираллех, шен лаамехь дакъа дIатасарх, тIеман а, мобилизацин а хьелашкахь буьйраллин омра кхочуш ца дарх артиклийн дакъош.

  • Кавказ.Реалии сайто дагардарца 14 дакъа ду Кадыров Ахьмадан цIарах вовшахтоьхна. Царех ах бохург санна гучудевлира Украине чугIоьртинчул тIаьхьа, дисинарш терроризмаца къийсам латтон аьлла, вовшахтоьхнера масех шо хьалха.
  • Украинехь тIом болийначул тIаьхьа 2022-чу шеран чиллан-баттахь уггар а йоккха плацдарм хилира Гуьмсера "спецназан университет" олучух. Йоллу пачхьалкхехула лехьийна йолахой кечбора цигахь. ТIамна 200 гергга "лаамхой" олурш кечбо бохура цу базехь хIора кIираанах. Росгвардин а, ОМОН-ан а эскархой цуьнан дозана тIехь даим а кечбеш боллушехь, "спецназан унивесритет" цхьана а ницкъаллин структурина йукъа йогIуш йац.
  • 2022-чу шарахь наха "шайн лаамехь сагIина" 349 миллион сом делла бохура "спецназан университетана" - шо хьалхачул а пхоьазза сов дара и терахь.
  • Украинерчу тIамехь дакъалацийта Iедалхоша пайдаоьцучийн хьал телхина догIу: пачхьалкхехь чIагIдина эскаре кхайкхарх низам, мобилизаци йинчийна гергарчара маьхьарий детта, шайн бераш тIамера цIа даладе бохуш, ткъа лазийначара кест-кеста дIахьедо, президенто лур ду аьлла ахчанаш, шайна луш дац бохуш. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу 2023-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь а, къилбехь а оцу кепехь уггар а гIарадийлинчех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG