Москвахь лаьцна, цул тIаьхьа Нохчийчуьра ницкъахоша лачкъийначу гейх Арсамиков Идрисах лаьцна хаам боцу итт де а ду: чиллан-беттан 17-чуьра дуьйна, бакъоларйархошка тIеIаткъам бина вистхуьлу ша, церан гIо оьшуш дац шена аьлла, ши видео дIайазйинчул тIаьхьа.
"Жимчу стеган дахар а, могушалла а кхерамехь ду, хIунда аьлча, вайна дуккха а гина ду, "дохкобовлуш" видео дIайазйинчул тIаьхьа, адамаш тIепаза довш, цкъацкъа гучудолура, уьш дийна цахилар", - билгалдаьккхина Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу комментарехь кризисан "СК SOS" тобанан пресс-секретаро Мирошникова Александрас.
Къаьсттина сагатдо бакъоларйархойн, оцу видеош тIехь Арсамиковс ша Украине ваха лерина ву аьлла чIагIдаро.
"Шайна товш доцу адам, цунна гонах йолу гIовгIа а иштта йайа тарло Iедалхоша, шайна тIера жоьпалла дIа а доккхуш. Хьалхо Идрисца хиллачу къамелехь цхьана а кепара хета бух бац, Украине ваха цхьана секундана а цуьнан ойла хилла аьлла, ур-атталла Нохчийчу ваха юхаваха а ойла йацара цуьнан", - чIагIдо Мирошниковас.
Иштта цо билгалдаьккхина, "меттигаш хилла, гIовгIа йаьккхина, юкъаралло Iадвита и стаг аьлла, тIеIаткъам бича, цуьнан кочара бовлуш, амма кхузахь а иштта нислур ду олийла дац, тIаьххьарчу итт дийнахь тхуна цхьа а тоьшалла гина дац, Арсамиков дийна хиларх, Нохчийчохь хиларх".
Чиллан-беттан 20-чохь "СК SOS" кризисан тобано "Iазапашна дуьхьал Командица" юкъахь хIоттийна ши дIахьедар кхачийра ООН-е, Арсамиков Идрис лацарца а, иза лачкъорца а доьзна. Бакъонашларйархоша билгалдоккху, и кхайкхамаш бух хила тарло ООН-нна Оьрсийчоьнан Iедалхошка хатта Арсамиков стенгахь ву а, цуьнгахь хIун хьал ду а, иштта федералан Iедахошка цуьнан кхолламна тIехь терго латтайайта а.
Европан праламентан LGBTI Intergroup форуман декъашхоша чиллан-беттан 23-чохь кхайкхамбина Нохчийчоьнан Iедалхошка, республикера ведда Арсамиков Идрис маьршаваккха аьлла. Шен хаамехь политикаша билгалдоккху, даймахкахь иза вен мега, цуьнан ориентаци бахьана долуш аьлла. Къаьсттина сагатдойту, Европарламентан декъашхошна хетарехь, Iаткъам бина "зуламна мукIарло деш" дIайазйинчу видеоно.
- Чиллан-беттан 15-чу буса Домодедово аэропортехь лаьцна Арсамиков Идрис нохчийн полисхойн каравелира, цара стенга вуьгу а ца дуьйцуш, къайлаваьккхина иза. Шо хьалха шен ден тезета веанера Арсамиков. Цул хьалха Нохчийчохь лаьцнера иза борша стагаца уьйр хилла аьлла, шега Iазапаш хьегийтича, дIаваханера иза Нидерландашка. Нохчийн ницкъахоша схьадаьхнера цуьнгара доллу кехаташ, иштта Нидерландашкахь делла документаш а. Нохчийчохь масийттазза тIехь ницкъбинера цунна. Бакъонашларйархоша билгалдоккху, Нохчийчохь вен кхерам лаьтта Арсамиковна бохуш.
- Арсамиков лаца ориентировкина куьгйаздинарг ву Шелковскан кIоштан полицин декъан куьйгалхо Геремеев Рустам ву, 2015-чу шарахь лехамашка велла, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтоьхнарг ву бохучу Геремеев Русланан ваша.
- Чиллан-беттан 17-чохь Шелковскан кIоштахула йолчу ОМВД-н белхахоша шайн гIишло чу ца битира, лаьцна Арсамиков ган лууш баьхкина адвокаташ, ца йелира царна цунах лаьцна цхьана а кепара информаци.