ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра Кадыровн цIарахчу университето 74 млн сом студенташна герз лелон Iаморна духкур ду


Соьлжа-ГIала, эскархо, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, эскархо, гайтаман сурт

74 млн соьмана тIеман дешаран оьшу гIирс эца дагахь йу Кадыров Ахьматан цIарах йолу Нохчийн пачхьалкхан университет. Оццул доьхур ду "Тактикан жигара стендах", "уллора тIом баран гIирсийн, долучу герзан тренажерах". Иштта кхин дIа болчу гIирсех а.

Цу тендеран техникан Iалашо дешаран масех кабинет гIирсашца кечйар йу. Масала, царех цхьана кабинет чохь 82А бронетранспортеран компьютеран тренажер хир йу. "Бакъдолчу хьолана ма-хуьллу гергайалош" йина йолу.

Иштта кечйийр йу дронаш лелочу операторийн чоь а, радиацин, химин, бактерологин кхерамзаллин комплекс а. Калашников автоматан, Драгуновн снайперийн тоьпийн а, Ярыгинан "Викинг" тапчин, Макаровн тапчин, РПГ-7 кепаш а, "Военная топография" аппаратан-программийн комплекс а, царна герз тохаран мультимедийн стендаш а.

Тендерехь билгалбаьхна гIирсаш 2023-чу шеран марсхьокху-бутт тIекхачале схьакхачон беза аьлла ду

  • Дечкен-баттахь CNN телеканало шайн цIераш цайовзийтанчу хьаькамийн а, Малхбузехьарчу талламан белхахойн а хаамашна тIетевжаш, дийцира Путин Владимир кхин а 200 эзар стаг тIаме кхайкха дагахь ву аьлла. Цу хьостанаша дийцарехь, керла кхайкхарш "мелла а тийна" дIадахьа дагахь а бу. Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс и хаам "харц бу" элира.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхо тIаме йолахой дIахьежочуьра сецна вац. Уьш йоллучу Оьрсийчуьра схьагулбеш бу. Царех ца леш бисанчара, шаьш "йаккхийчу тоьпашна кечдина жижиг" санна лелийра, цIадирзийначул тIаьхьа шайна лур ду аьлла ахчанаш ца делира, чевнаш йиначаьрна дарбанаш ца лелийра бохуш аьрзнаш до.
  • Ростов мехкан законаш йаздечу гуламан депутато Иващенко Татьянас бераш маскировкийн сетка йан а, окопашкахь лелон чкъурамаш дан а Iамон деза, аьлла, дIахьедира. И тайпа белхаш цу берийн дай-наношкара пурба доцуш дIабахьа беза - "йукъараллехь ладаме, лаамца къахьегар" аьллачу хоршахь хила а богIу аьлла. Кавказ.Реалии сайто хеттарш дина эксперташ тешна бу, тIеман гIирсаш кечбарехь берашка болх байтар церан психикна тIеIаткъам барца доьрзург халарх.
  • Охан-баттахь ГIебарта - Балкархойчуьра Прохладный гIалара дуккхачу профилийн колледжан дукхах болчу студенташа Украинина Оьрсийчоьно йинчу агрессина шаьш реза цахилар дIахьедира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG