ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра къайлахчу набахтера араваьккхина Британин пачхьалкхалла дерг


Абубакаров Мохьмад
Абубакаров Мохьмад

Оьрсийн вахархо хиларал совнах, Британин паспорт а долу Нохчийчуьра вахархо Абубакаров Мохьмад Нохчийчуьра къайлахчу набахтера маьршаваьккхина. Хьалха-Мартанара шен гергарчу нехан хIусамера кадыровхоша лачкъийначул тIаьхьа баттахь латтийра иза лаьцна.

Ницкъахоша дIахецна махкара кхин а цхьа вахархо – бизнесхо Масаев Iумар, Абубакаров лоцуш лаьцна вара иза а, хаамбина адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро. Бакъоларйархойн хааамашца, Масаев араваьккхина мангал-беттан 23-чохь, Абубакаров – мангал-беттан 27-чу буса, полисхоша тIекхайкхийча тIевогIур ву аьлла, куьйгйаздина.

Хьалхо "Мемориало" къастийра, 2009-чу шарахь Хьалха-Мартана гена доццучуьра 6779 номер йолчу тIеман декъана динчу тIелатарна шаьшиъ бехке ву алий, тIелаца бахарх Абубакаровга а, Масаевга а. ХIетахь цхьа эскархо вийра, шинна чевнаш йира. Абубакаровна тIехь гIело латтийнера.

Британира Нохчийчу веанера Абубакаров Мохьмад, шен гергарчарна тIехIотта. Стигалкъекъа-беттан 31-чохь буса 11 сахьт долучу заманчохь, шаьш Куьрчала кIоштара полисхой ду аьллачу наха гергарчийн хIусамера дIавигинера иза, телефон кегон вуьгуш ву аьлла.

Масаев Iумар лачкъийнера стигалкъекъа-беттан 31-чохь. ХIетахь Куьрчала-кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин белхахой цуьнан цIа баьхкинера. Дуьххьара цуьнан жимахволу ваша дIавигинера цара. ШолгIачу дийнахь Iумар ша тIевахнера, цул тIаьхьа дIахецнера ваша.

Абубакаровн гергарнаш Талламан комитете а, прокуратуре а бевлира, иштта хаийтира хиллачух лаьцна Боитанин арахьарчу гIуллакхийн министралле а цхьаьна. Бакъоларйархошка гIо ца дийхира лачкъийначийн гергарчара, хIунда аьлча, церан хьал кхин а тIе талхорна кхоьрура уьш, йаздо "Мемориало".

  • 2009-чу шарахь а лачкъийра Абубакаров ницкъахоша – хIетахь тIехь гIело а латтийна, тIеман декъана гергахь эккхийтар динера аьлла, тIелацийтира цуьнга. 18 шо долу Абубакаров хIетахь бехкевира герзашца вовшахкхеттачу тобанхошна гIо латтийна аьлла, цхьа шой, кхо буттий хан туьйхира цунна. Оцу йукъанна эккхийтарехь вийначу подполковникан Юдаков Викторх йисинарг йистхилира президенте Медведев Дмитрийга, Абубакаровн зулам дан бахьана дацара аьлла. Цо бехкевира цунна декъан командир. Британин паспорт схьэцначул тIаьхьа Абубакаров масийттазза веанера Нохчийчу, бакъоларйаран органашца гIуллакх Iоттаделла дацара цуьнан.
  • Масаев Iумар а ву 2009-чу шарахь лаьцна. Цунна кхел йира бакъо йоцуш вовшахтоьхначу гIаттамхойн тобанна гIо дина ву аьлла, кхиндерг хууш дац.
  • Стигалкъекъа-беттан 19-чохь Кадыров Ахьмадан цIарахчу 2-чу полкан белхалоша Нохчийчохь лачкъийра Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхлочун Закаев Ахьмадан вешин ши кIант. Цу шиннах цхьаъ дIахийцира, шолгIа, Закаев Хьусейн, лаьцна латтош вара стигалкъекъа-беттан 25-чохь а.
  • Арсамиков Идрис чиллин-беттан 15-16 деношна йуккъехь Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, нохчийн полицига дIавелла ву. Цара иза стенга вигна хууш дац. Арсамиков Нидерландехь Iаш вара. Стагаца уьйр лелош гучуваьлла аьлла, Iедалхоша дIалаьцна латтийна, таIзарш дина ведда вахана вара иза цига. Цхьа шо хьалха шен ден тезета веанера. Даймахкарчу Iедалхоша дерриге документаш дIадехира цуьнгара - оьрсийн "загран. паспорт", Нидерландехь делла паспорт, кхиндолу цуьнан кехаташ а. Нохчийчуьра Iедало таIзараш дина ву иза. Цундела хIинца цуьнан дахаран, могушаллина боккха кхерам бу боху, бакъонашларйархоша. Карарчу хенахь цунах хилларг а дац хууш.
  • Iалхан-ГIалахь дуккха а нах лецарх дийца даьккхира дечкен-беттан 9-чохь, хIетахь хаамбора, цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь уьш латтош хила тарло бохуш. ТIаьхьо "Мемориало" тIечIагIдира дечкен-беттан ворхIолгIачу буса 25 гергга стаг лачкъийна вигина хилар. Охана-баттахь "Мемориална" хиира, Iалхан-ГIалара лечкъийна бахархой Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латтош буйла, гIаттамхошца боьзна хилла бу аьлла, царна дуьхьал бехкхуламан гIуллакхаш а даьхнера.
  • Лачкъийначарлахь вара СолсаевгIеран ши ваша ваша – Леча а, Хьамзат а. Церан гергарчо чIагIонаш йора, Соьлжа-ГIалахь царна тIехь гIело латтайо мехкан Iедалхошна лерна бохуш. Иштта балехь валлош хиллера лачкъийна кхин цхьаъ а, Мусаев Iусман; тIаьхьо цуьнан гергарнаш а дIабигинера.
  • 2022-чу шарахь Нохчийчуьра Алхазов Аюб а, Тазабаев Рамзан а кхелхира, махкарчу полицин декъехь Iазапаш хьегначул тIаьхьа. Ницкъахоша лачкъийна вигина, хьийзийначул тIаьхьа ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIавахначу Алхазов Мубарикан деваша а, стунда а вара и шиъ.
  • Орсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн информацица, 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тIепаза вайна 4 984 стаг. Шен барамашца йаккхийчу Москвахь а, Москван кIоштахь а долчу терахьашца дуьстича, дукха лахара дац иза. Байна нах наггахь бен ца карочу регионашлахь а иштта "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь бовш болчу 1 700 нахалахь схьакараво 20-30.
  • Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оцу йукъанна "Новая газето" а, бакъоларйаран "Комитет за гражданские права" организацино а масийттазза хаамаш бира Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь республикехь лачкъийна нах бу латтош аьалла. "Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG