Кадыровн цIарахчу полицин полкан командиран жимахволу ваша Чалаев Бекхан хIоттийна Бенойн БойсгIаран цIарахчу каде гIуллакхаш дайта вовшахтоьхначу батальонан урхалле, Росгвардина чудогIуш ду и дакъа. Бекханан ваша Чалаев Замид – нохчийн лаккхара ницкъахо ву, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан цхьа могIа пачхьалкхийн а санкцеш йу цунна дуьхьал йаьхна.
Чалаев Бекхан куьйгалле хIоттийначу батальоно стенгахь, хIун дакъа лоцур ду, хууш дац. Хьалхо Нохчийчоьнан Iедалхоша хаамбира, оцу декъа дIаэца Гуьмсера "спецназан университетехь" кечбеш эскархой бу аьлла. Украине хьийсо тIемалой а, йолахой а, "лаамхой" а бара цигахь Iамош.
Иттаннашкахь лецна, Чалаев Замида куьйгалла дечу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан ларми чохь байинчу нахах лаьцна тоххара "Новая газето" йаздира. Оцу полкан хиллачу белхахочо Гезмахмаев Сулеймана тIечIагIдира, мел кIезиг а, 13 стаг цигахь вийна хиларх. Цо бахарехь, Соьлжа-ГIалахь Кадыровн цIарахчу полкан декъа тIехь бертаза нах латтабо, царна тIехь ницкъбо, Iедалхошна гергахь "бехкеберш" хIаллакбо. 2021-чу шарахь, рогIера къизачу зуламийн тоьшаллаш зорбане даьхначул тIаьхьа, Чалаев Замидана Оьрсийчоьнан турпалхо аьлла цIе йелира.
Хьалхо Кадыровс ша улло ваьккхина лело Чалаев Замид Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь "жоьпалле вира Луганскан агIор". 2021-чу шарахь Чалаевс дIахьедира, ша "психикан лазаршна дарба дечу клиникера" Кадыровс ара а ваьккхина, шех Оьрсийчоьнан Турпалхо вина аьлла.
- 2019-чу шарахь эскархойн парадехь Чалаев Замида дIакхайкхийра, низамаш мел дохийнарг шена "йамартхо" хета аьлла.
- Шелахь дина "Бусалбанийн дозалла" маьждиг хьарам ахчанах дина ду аьлла, социалан машанашкахь йаздинарш нахана хьалха а дIахIиттийна, церан йуьхь йоккхуш а вара иза.