ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхелхина бахначара латкъамбина Оьрсийчоьнан Iедалхойн бенцахетарна


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, 1996 шо
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, 1996 шо

Нохчийчуьра кхелхина бахана ГIалгIайчохь бехачийн кхайкхам зорбане хIоттийна адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро. Шайн тишачу хьолан Iедалхоша терго ца йен хIинца 30 шо дуьзна аьлла, арз динера цара. Шайн бехкаш дахар Оьрсийчоьнан президенте Путин Влдаимире а, премьер-министре Мишустин Михаиле а, Пачхьалкхан думин а, Федерацин Кхеташонан а спикершка а, иштта "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин куьйгалхочуьнга Медведев Дмитрийга а хьажийна цара.

Бакъоларйархоша къасторехь, Нохчийчуьра тIемаш бахьанехь шайн хIусамаш дIатийса дезначу царна – дукхахберш гIалгIай бу - ахчанца компенсацеш йала йезаш хилла керла хIусам хьалайан, йа эца. Амма 1998-чу шеран экономикан къоьлла бахьана долуш и гIодар маьхзадаьккхинера.

Кхин дIа долчу шерашкахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша масийттаза чолхе йаьккхира компенсаци йаларан процесс, оцу тIехула, Нохчийчуьра тIамах бевдда хилла дукхахберш, ца бевллачу денна кхалхархой болчу статусера дIабехира. Цуьнца цхьаьна керла хIусам а, йа ахча а доцуш биссира уьш.

  • 2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчуьра ца яьллачу денна еана мухIажар хиларе терра, пачхьалкхан бахаман сертификат лучийн тептаре яккхар доьхуш меттигерчу яхархочо Дзариева Розас чуйелла иск къобалйира ГIалгIайчуьра Малгобекан гIалин кхело.
  • Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире бевлира ГIалгIайчохь беха Нохчийчуьра кхелхина баьхкинарш 2021-чу шарахь. Амма цо царна жоп ца делира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG