ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхело бархI шо хан тоьхна аптекахо Кардашов вийна аьлла бехкевечунна


Дагестанехь лачкъийна Кардашов Алексей
Дагестанехь лачкъийна Кардашов Алексей

Нохчийчуьра Нажин-Йуьртан кIоштан кхело товбеца-беттан 6-чохь шогачу хьелашкара колонихь даккха бархI шой ши буттий хан кхайкхийна Соьлжа-ГIалара таксхочунна Омаров Сайд-Мохьмадана. Иза бехке лаьрра Дагестанера аптекахо Кардашов Алексей верна а, цуьнан бахамна къоладарна а.

Кардашовн гергарнаш ца теша таксхо бехке ву бохучух, хьалхо цара дIахьедира иза верна бехке нохчийн ницкъахой бу аьлла.

Чиллин-бутт бовш дуьйна бехкзуламан гIуллакх луьстуш дара федералан суьдхочо Атаев Iадвана. Хьалхо прокуроро шогачу хьелашкара колонихь такха 10 шо дехнера Омаровна. ТаIзар кхайкхорах Кавказ.Реалии сайте хаийтина бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьало латточу Командо". Организацин юристаш бара кхелехь вийнчун ненан, Якубова Цилин, интересаш дIахьош. Оцу сацамна латкъам бан дагахь бу уьш.

"Омаров бехкелоруш Кардашов верна хIара кхозлагIа бина сацам бу. Лакхарчу кхелаша дIатеттина, хьалха хиллачу шиннан жамI, хууш ма-хиллара, бехкбуьллу таIзарш дара уьш. Дуьххьара дIататтаро нийсонца кхел йийр йу аьлла, дегайовхо йитинехь а, хIинца и дегайовхо лахйелла. Дуккха а цхьана цадараш ду кхузахь, цара гойту жоьпе озийначо и бехк ша шена тIелаьцнийла", - боху Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.

Омаровс ша дарединчул тIаьхьа охьайийцина верси цхьана а кхачам болчу тоьшаллашца йуьзна йац- йа телефонан биллингаца, йа арахь видеокамераша дIайаздинчуьнца, дIахьедо къамел дечо. Кардашовн дакъа хIинца а схьакарийна дац. Бакъоларйархоша дийцарехь, Омаровна биллина бехк йуха талла безаш бу, ткъа цуьнан гIуллакх Росгвардин эскархойн Абдурашидовн а, Дукаевн а гIулакхах дIаэдан деза - цхьана кхелан процессехь таллийта.

Хьалхара таIзар – шогачу хьелашкара набахтехь даккха исс шо тухуш- кхайкхийра 2020-чу шеран лахьанан-баттахь, масех бутт баьллачул тIаьхьа Нохчийчуьра Лакхарчу кхело таIзар йухадаьккхира. ШолгIа дIакхайкхийна исс шо а йухаийцира иштта. КхозлагIа гIуллакх кхеле кхачийнера стохка марсхьокху-баттахь.

Хасав-Йуьртара аптекин долахо Кардашов Алексей вайра 2017-чу шеран гурахь. Коьрта теш вара, иза машенахь дIавигина таксхо Омаров Сайд-Мохьмад. Дагестанера талламчашка йуьхьанца дIахьедира цо, Кардашов нохчийн ницкъахоша лачкъийна аьлла. Дагестанера Нохчийчу талламбар дIакхачийча, Омаровс, хетарехь, тIехь ницкъбича, ша хьалхо аьлларг йухаийцира. Кардашов ша вийна элира цо.

  • Нохчийчуьра Гуьмс гIалин кхело мангал-беттан 6-чохь арахь таккха шишша шераш кхайкхийра Росгвардин эскархошна Абдурашидов Бекханна а, Дукаев Асланна а. И шиъ бехкевина бакъо йоцуш Дагестанера аптекахо Кардашов Алексей лоцучу заманчохь шайгарчу бакъонел а тIехваларна. Вийначун векалша тIедожийнера и гIуллакх иза верца долчу гIуллакхца доза бохуш.
  • Лачкъийначун нана массо а инстанцешка йаьлла: президент Путин Владимирна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанн а тIера Москварчу раввинате кхаччалц (Кардашов ломара жуьгти ву. – Редакцин билгалдаккхар.), делахь а, Iедалхошкара цхьана а кепара реакци йац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG