Депортацин Ježevo куьпахь 2022-чу шеран лахьанан-баттахь дуьйна экстремизмана бехкебина кхечу нохчашца латтош хилла Нохчийчуьра мухIажар маьршаваьккхина Хорватерчу кхело. Бакъоларйаран органийн ницкъ ца кхечира иза бехкехиларх тоьшаллаш далон, хаамбина Кавказ.Реалии сайте "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас.
"Уьш лаьцчхьана кхозлагIа кхел йара хIара. Суьдхо кхетамца хьаьжира оцу гIуллакхе, цуьнан йист йаьккхира цо. МухIажаро билгалдаьккхира, экстремистийн структурашца шен уьйраш хиларх тоьшаллаш дац, цул совнах, "ЦIечу жIаран" волонтер а хиллера иза", - дуьйцу Дадуевс.
Прокуратурано йуха а йуьйцура шайн шеконаш, амма кхелахочо сацамбира мухIажар маьршавоккхуш. Карарчу хенахь Германерчу шен гергарчу нахана тIеваха дагахь ву иза.
ТIедогIучу деношкахь кхелаш хир йолуш йу кхечу Хорватихь лецначу нохчийн а, тIетуьйхира Дадуевс. Цаьрга ла а доьгIна, динан экстремисташца шайн гIуллакх цахиларх церан тIечIагIдан аьтто бер бу аьлла, тешна ву иза.
Оханан-баттахь Нохчийчуьра мухIажарша мацалла кхайкхийра, шаьш депортацин куьпахь кхин дIа а сецорна дуьхьал. 2022-чу шеран гурахь дуьйна бара уьш цигахь латтош. Нохчаша дIахаийтира, шайна куьпан белхалоша ницкъбарх, шайца шогалла лелорах. Итт де даьллачул тIаьхьа шайн могушалла эша йоьлча, тIехь терго латточу Хорватин стсруктурийн шайца бала а ца кхаьчча, йукъахйаьккхира цара мацалла.
- Хаамийн гIирсашлахь хилларг дийца даьккхича, Хорватин омбудсмен йолчу Шимонович-Айнвальтер Тенас куьпахь дерг толлуш, зераш дийриг хиларх дIахьедира. Нохчийчуьра мухIажарш дIалацар бакъонан бухца хилар, уьш дIабахийтарца доьзначух дерг а толлуш, уьш дIахьур ду аьлла. Иштта хьолан терго йира Хорватин бакъонашларйархоша а. Оханан-беттан чакхенгехь Кавказ.Реалиин редакцино кехат дахьийтира Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, нохчийн мухIажарша мацалла кхайкхорах а, церан бакъонаш хьешна бохучух а лаций комментарий йар доьхуш. Амма масех кIира даьлча, цхьа а жоп ца делира.
- Лахьан-беттан йуьххьехь Хорватехь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш – цара латкъамаш дора, тховкIело йоьхуш делла кехат йухаэца бохуш, ницкъбо шайна аьлла. ДIалийцинарш Оьрсийчуьра Туркойчухула сехьабевллера. Европин кхечу пачхьалкхашка баха дагахь.
- ГIуран-баттахь "Европера нохчийн Ассамблейно" дIахьедира, нохчийн мухIажарна Хорватин полисхоша аэропортехь йеттарх. Цул тIаьхьа мигранташ латточу куьпа дIакхачийнера иза, цигахь масийтта дийнахь ша цхьаъ камери чохь латтош. Хорватин Iедалхоша Нохчийчуьра мигрантана йеттарх лаьцна комментарий ца йира.
- Хорватин кхело дуьхьало йира Нохчийчуьра пхеа вахархочунна политикан тховкIело йала. Тарло царна хIинца Оьрсийчу депортаци йан.