Ницкъаллин хьукматийн куьйгалхошца дIайаьхьначу кхеташонехь Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийна республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь керла хьаькамаш хIитторах. Министран дарже ваьккхина, хьалхо министран гIовс хилла Ирасханов Аслан. Хьалхара министран гIовс а, Нохчийчуьра полицин коьрте а хIоттийна Айдамиров Дени. Соьлжа-ГIалара МВД-н урхаллин куьйгалхо вара иза хIинццалц схьа – оцу даржехь цуьнца хийцина Делимханов Гайрбек. Шуьйта –кIоштара чоьхьарчу гIуллакхийн декъан хьаькам вара иза.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министран дарж мукъадаьллера, цуьнан коьртехь йеххачу заманчохь хилла Алханов Руслан Оьрсийчоьнан экстремизмана дуьхьало латточу Центран - "Э" Центр - куьйгалхочун гIовс хIоттийча. Алханов Кадыровн йуьртахо ву, цуьнан уллорчу агIончех ву, иштта цуьнан цхьахйолчу йоьIан марда а ву.
Ирасханов Аслана, "Новая газетан" талламца а догIуш, дакъалаьцна Соьлжа-ГIалахь 2017-чу шарахь дуккха а нах хIаллакбеш. 2022-чу шеран чиллан-баттахь кхечу лаккхарчу даржашкара кадыровхошца цо видео кхайкхам дIайазбира, Кадыровн критикийн доьзална, вежаршна ЯнгулбаевгIарна неIалташ, кхерамаш кхийкхош, хьахийра церан коьртеш дахар а. Оццу шеран стигалкъекъа-баттахь Ирасханов вара боху Украинера цIа баьхкинчу лаамхойн олучеран а, Европера даймахка баьхкинчу нохчийн а хьокъехь "процесс йолайе" аьлла, полисхошна омра динарг. Республикера рожана жимма а уьш дуьхьал бу аьлла тусалахь, уьш "шога леца беза" аьллера цо.
Айдамиров Дени – Кадыров Рамзанан стунвешин кIант ву. ГIадужу-баттахь мидал йелира цунна "Кадыров Ахьмадан сийн". ЯнгулбаевгIеран доьзална ницкъахоша кхерамаш туьйсучу хенахь дIайазйинчу видео тIехь а ву иза.
Делимханов Гайрбек – Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адаман гергара стаг ву. Шуьйта –кIоштан полицин декъан урхалле хIоттавале хьалха иза республикера наркотикаш лелорна тIехь терго латточу урхаллин куьйгаллехь вара.
Кху кIиранах Кадаровн цIарахчу полицин полкан командиран ваша Чалаев Бекхан хIоттийра Бенойн БойсгIаран цIарахчу каде гIуллакхаш дайта вовшахтоьхначу батальонан урхалле, Росгвардина чудогIуш ду и дакъа. Бекханан ваша Чалаев Замид – нохчийн лаккхара ницкъахо ву, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан цхьа могIа пачхьалкхийн а санкцеш йу цунна дуьхьал йаьхна.
Нохчийчуьра полицихь Iазапаш хьегначу наха дийцира бакъоларйархошна, кадыровхоша шайгара харц дараш муха дохура, шайна тIехь муха Iазапаш латтадора а.
Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центро рапорт зорбане даьккхина, Нохчийчохь бертаза лоьцуш, нах къайлабахарх лаьцна – цуьнца боьзна бу нохчийн полисхой.
Нохчийчуьра пачхьалкхан даржаш дIалоьцу Кадыровн бераша, йижарша, йоIарийн хIусамдайша, йижарийн-вежарийн бераша, вежарша. Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира регионан пачхьалкхан хьукматашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан гергарчех тептар.