Нохчийчуьра Шела гIаларчу маьждигехь йаьхна видеошна тIехула бехк цабиллар дехийтира Пензера студенте, дуккхаъчу бахархоша магийта йиш йоцуш лерира уьш.
Стохка лахьан-баттахь доттагIийн тоба йеанера Нохчийчу, амма церан роликаш дукха хан йоццуш йаьржира машанехь. Маьждигехь студентийн лелар а, церан забарш а товш доцург хийтира дуккхаъчарна.
Зазадокху-беттан 27-чохь машанехь видео гучуйелира, мила ву цахуучо чIагIдо цу тIехь, "тхуна схьакарийра и нах" (роликаш йаьхна студенташ.- Редакцин билгалдаккхар.). Цул тIаьхьа жимчу стага, Пензера йахначу туристийн тобанхо вара ша аьлла вовзийтина камера хьалха, бехк цабиллар доьхуш, вистхуьлу. Ролик йерзош гIалгIайн маттахь масех дош олу и видео дIайазйеш хиллачо.
Гечдар доьхуш йаьккхина ролик зорбане хIоттийна Iедалхошкахьа йолчу нохчийн пабликаша а, иштта оппозицин 1АДАТ телеграм-канало а.
- Соьлжа-ГIала чувуллучохь стохка марсхьокху-баттахь розин коч йоьхна хелхаваьллачуьнга а бехк цабиллар дехийтира, массарна хьалха дIа а хIоттийна. Социалан машанашкахь йаржийра иза бехказавуьйлу ролик.
- 2022-чу шеран чиллан-баттахь Москвара муниципалан депутато Закускин Александра тIелатар дира, Москварчу Машаран проспектерчу маьждига хьалха йоьхьаш духкучу нохчийн къаночунна Юсупхаджиева Салимина. Юсупхаджиевас дийцарехь, Закускина мийра биттинера цуьнан яьшкех, "Нохчийчу депортаци" йойтур ю ша бохуш, цул тIаьхьа буьрчан баллон тоьхнера цуьнан юьхьа тIе – бIаьрг багийнера цуьнан. Цул тIаьхьа Закускине телефон тоьхнера Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентан депутат волчу Делимханов Адама, цунна "урод" а олуш. Закускина къинтIера йаьккхира Юсупхаджиева, хIетте а ша веха петар хийцира цо.
- Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кестагучуюьйлу къурд олуьйтуш видеорепртажаш. Бахархой "сийсазбечу видеон" терго йира Американ дуьнеанюкъарчу динан маршонан Комиссино шен 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш йахар.