ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра маьждигна Делимханов Адаман ненан цIе тиллина – нах байарца вузу и


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Нохчийчуьра Ойсхарахь керлачу маьждигна республикин цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адаман ненан Делимханова Марьяман цIе тиллина. Регионера урхалхочун "долара бохча" лоручу, Кадыров Ахьмадан фондан чоьтах дина ду маьждиг аьлла хьаькамо.

Йеарин дийнахь маьждиг схьадоьллучохь хилира Кадыров Рамзан, цуьнан цIе тилларх цо кхетийра "галйер йоцуш" Делимхановн нана динца хилар, виъ кIант цо дуьненчу ваьккхина хилар. Мел харж йина маьждиг хьаладеш, мехкан Iедалхоша дуьйцуш дац, амма хаамбо, кхо эзар стаг чу тарлуш, "исбаьхьа тIехуле" йолуш, уллохь куьцехь кечйина меттиг а болуш иза хилар.

Делимханов – Кадыров Рамзанан ненехула гергара стаг ву, цуьнан цхьахволу уллора бIанакъост а ву. 1990-гIа шераш довш Ичкерин гIаттамхойн командир хилла Радуев Салман дIасалелош хилла ву иза. 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарш Ичкерина тIелетачу заманчохь шен вежаршца цхьаьна, тахана мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан ден Кадыров Ахьмадан агIор велира иза.

Делимханов Адам вузу бакъоалрйархошна а, жигархошна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна луьйш болчарна а тIаьхьавийларна, иштта масех стаг цуьнан тIедилларца верца а. Уггар а гIарадаьллачу гIуллакхех дара – Оьрсийчоьнан оппозицин политик Немцов Борис 2015-чу шарахь Кремлан пенаш хьалха вер.

Криминалца а, Украинана дуьхьал болийначу шуьйрачу тIамна а гунахь ву аьлла, Делимхановна дуьхьал йаьхна дуьненайукъара санкцеш. Оьрсийчохь 2022-чу шеран бIаьста пачхьалкхан "Турпалхо" аьлла седа белира цунна.

Делимханов Адаман кхо ваша ву: Шарип Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин коьртехь ву (махкара дIабахначу оппозиционераша вузура иза Тепсуркаев Салман верца), Делимханов Iелабек – Къилбаседа Кавказан гонашкарчу Росгвардин эскарийн куьйгалхочун гIовс ву, оццу ницкъаллин структурехь гIуллакх деш ву Делимханов Амхьад а. Вежаршна дуьхьал йаьхна санкцеш йу, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалацарна,

  • Мехкан 309 имамана Оьрсийчохь йина LADA Granta машенаш йекъна Нохчийчохь. Царех ахча охьадиллина Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо, регионан урхалхочун "бохча" олу цунах. Пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталло бечу хаамца, машенийн догIанашца цхьаьна Кадыровс декъна царна хIоранна а I00 эзар соьмаш а. Йуьхьанцара цIеначу LADA Granta машенан мах официалан сайтехь бара 699 900 сом, оцу кепара имамашна совгIаташ динчу Кадыров Ахьмадан фондо йина харж йу 247 миллион сов (ши миллион 700 эзар долларш сов хуьлу и чиллан-беттан 7-чу дийнахь лерича).
  • Кадыров Рамзан кест-кеста дин а, бусалаба нах а Iалашбийриг ву ша бохуш, дIагайта хьийза, оцу йукъана Оьрсийчохь бусалбанийн бакъонаш хьешар тергамза дуьту цо, Нохчийчохь болчу бахархойн бакъонаш эшор ца дийцича а. Оцу тIехула мехкан урхалхочунна а, цуьнан доьзална а, уллорчу гонна а дуьхьалйаьхна дуьненайукъара санкцеш йу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG