ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра МЧС-н куьйгалхо лаьцнера Дагестанехь къаьркъа мелла машен хаьхкина воьдуш, дIахьедо Кадыровн критикаша


Цакаев Алихан
Цакаев Алихан

Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан орцан министраллин урхаллин куьйгалхо Цакаев Алихан, хетарехь, сацийна хилла къаьркъа мелла а волуш машен хаьхкина воьдучу заманчохь. Цунах лаьцна дIахьедина нохчийн оппозиционераша, цхьана а хьостан цIе а ца йоккхуш.

Цакаев лацарх дийцира NIYSO боламо а, оппозицин нохчийн блогеро Абдурахманов Тумосос а. Церан хаамашца, инцидент нисйелла Нохчийчоьнца дозанехь йолчу Дагестанера "Герзелан тIай" постехь, маца хилла и – хууш дац.

Некъан полисхоша машен сацайе аьлча, ца сацийна боху Цакаевс, некъан хьовзийлехь йуха а вирзина, полисхошна тIехахка дагахь хилла машен. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахойн аьтто баьлла машен сацон, къаьркъа мелла машенлелорхо лаьцна, шеца кехаташ а ца хилла цуьнгахь.

Уггар хьалха цунах лаьцна хаам бинчу Австрихь вехачу Нохчийчуьра вахархочун информацица, Цакаевс лелош хилла машен Канадин Интерполехула лоьхуш хилла йу.

Дукха хан йалале, нохчийн оппозиционераша чIагIдарехь, Цакаевна тIаьхьабаьхкина хилла Нохчийчуьра ницкъахой; цаьрца хилла мехкан урхалхочун уллорчех волу Висмурадов Абузайд а. Оцу наха дIавигира боху Цакаев, цул тIаьхьа цуьнан машен а.

Нохчийчуьра орцан министраллин куьйгалхо лоцучу хенахь йаьккхинчу видеона геолокаци йан гIоьртира Кавказ.Реалиин редакци. И билггал дIайазйина йу Дагестанера "Герзелан тIай" федералан контролан пунктехь.

Оцу видео тIехь гуш йу нохчийн регистраци йолу пачхьалкхан номер: А 899 МР 95. Йаржийначу видео тIехь лоцучун йуьхь дикка къаьсташ ца гойту. Цакаев Алиханца хиллачу инцидентах лаьцна Соьлжа-ГIалахь йеш комментарий йац. Кадыров Рамзана масийттаза олура республикера МЧС-н куьйгалхочух "хьомсара ваша".

Карладаккхар: Цакаев лацарх информаци тIечIагIйина "Осторожно, новости", Baza телеграм-каналаша. Baza гIирсан хаамашца, охан-беттан 14-чохь хилла йу инцидент, министр дIавахийтина лоьрашка тоьшалла а ца дойтуш.

  • МЧС-н куьйгалле вале хьалха Цакаев гIуллакх деш вара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь. 2007-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц нохчийн ОМОН-н командир вара иза. ХIетахь оцу декъо жигараллица меттигера нах лечкъош, царна тIехь Iазапаш хьоьгуьйтура. Цхьайолчу меттигашкахь Цакаевс ша дакъалоцуш хиллера, йаздира Кавказ.Реалии сайто.
  • ХIетахьлерачух уггар а дийцаре динчех дара – Умарпашаев Ислам лацар, цуьнан аьтто белира бехкзуламан гIуллакх доладайта. "Новая газето" йаздарехь, хIетахь Цакаевс кхерамаш тийсира Оьрсийчоьнан талламхочунна, Соьлжа-ГIалара базин герга веанчу хьанна а тIе герз деттар ду шаьш бехира.
  • ТIаьхьо Кадыровн уллорчо "бегаш бира", тоьпан лаг озор пайден ду 40 минотехь адам кхетон гIерташ къамелаш дечул а аьлла, иштта бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран доьзалан коьртеш даха деза бохуш, бечу кхайкхамаашна а тIетайра иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG