ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра МЧС-н куьйгалхочун Цакаев Алиханан урхалле 300 эскархо велла


Цакаев Алихан
Цакаев Алихан

Республикера Оьрсийчоьнан МЧС-н урхаллин куьйгалхо Цакаев Алихан лацарна тIехула дов иккхинчул тIаьхьа оцу министраллина йукъа а догIуш дакъа кхоьллина 300 эскархо йукъахь а волуш. ЧIагIдо, Оьрсийчоьнан спецназан университет олучу базехь кечамашкахула уьш чекхбевлла бу бохуш.

Охан-беттан 28-чохь пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталло хаамбира, Цакаевс шен куьгакIелара эскархойн дакъа дIахIоттийнера – "цунна "Ахмат" цIе а йелла аьлла. Оппозицин 1АДАТ боламо йаржийначу видео тIехь Нохчийчуьра МЧС-н куьйгалхочуьнга маршалла хотту герзашца болчу масех иттанашкахь эскархоша.

ХIун Iалашо йолуш вовшахтоьхна керла дакъа, Нохчийчохь билгалдаьккхина дац. Оха-беттан 22-чохь Соьлжа-ГIалара кхеташо йирзинчул тIаьхьа дуьххьара дийца даьккхира, республикера орцанхой тIеман гIуллакхна йукъаийзор бу аьлла. Кхеташо хIоттийнера "регионо лерринчу тIеман операцихь дакъалацаран хеттаршна" лерина ("СВО – Оьрсийчоьнан Iедалхоша ишта олу Украинерчу тIамах.-Редакцин билгалдаккхар"). Кхеташонехь дакъалецира Кадыров Рамзана, цунна гонах хиъна вара Цакаев а.

"Ас терго тIеоьзна ницкъаллин дакъойн а, регионалан МЧС урхаллин куьйгалхойн а комплексехь шайн белхахой кечбан безаш хиларна. Дуьненан хьал тидаме эцна, вай кийча хила деза муьлххачу заманчохь Орсийчоьнна ошучохь гIароле хIитта", - йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIетахь.

ХIара кхеташо дIайаьхьира, Кадыровс Цакаев лацар бакъдина диъ де даьллачу хенахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, лаккхара даржхо тIелеттера охан-беттан 14-чохь "Герзелан тIай" олучу постехь. ТIечIагIбазчу хаамашца, Цакаев къаьркъа мелла хилла, иза Дагестанера полисхойн карара ваьккхинера нохчийн ницкъахоша.

  • МЧС-н урхаллин куьйгалхо лаьцначул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира и "питана" ду аьлла. ХIетте а, Цакаевн хьокъехь таллам бира, жамIаш Талламан комитете дIа а кхачийра. Муха вевзаш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьана дешна хилла лаккхара даржхо, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доьллург хилар, мел тешийла ду, къастийра Кавказ.Реалии сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG