ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра ММА-н латархочо тIамтIе хьажаве ша аьлла - Басаев Шемалан дешнашца роликана тIехула таIзар деш ду цунна


Якубов Ильяс
Якубов Ильяс

Украинерчу тIаме ваха лаам бу шен аьлла нохчех схьаваьллачу ММА-н латархочо Ильясов Якъуба, хаамбина Mash телеграм-канало. Хьалхо латкъам бира цо терроризмана тIехула шен гIуллакх листар дIадахдина аьлла. Ичкерин тIемалойн командиран Басаев Шемалан аз тIехь долу ролик шен агIоне хIоттийна аьлла, бехктакхаман гIуллакх долийна цунна дуьхьал.

Кхелан кхеташонехь спортхочо дIахьедина, тIеман ветеран хиларе терра, ша кийча ву тIеман гIуллакх дан аьлла. Якубовн адвокато Саяхов Рафаэла билгалдаккхарехь, цо Iадашвечун лаам кхочушбахь тамаша бу, цунна буьллучу бехкан кепе хьаьжча. Цхьа могIа артиклашкахула бехкебинчарна, шайлахь терроризмаца йоьзнарш а йолуш, колонира йа СИЗО-ра вербовка йойла дац.

Стигалкъекъа-бутт бовш Якубовс латкъамбира талламбар "дахдарна а, эвсаралла йоцуш хиларна" а: дIасавалар дехкарна динчу арзана тIехь цо билгалдаьккхира, чиллан-баттера схьа дуьйна талламан барамаш шен хьокъехь дIабаьхьна бац, цу тIе ша цIера валар дихкина вита а кхелахой реза бац аьлла.

ММА-н латархочунна йеш кхел йу, 2022-чу шеран гIуран-баттахь UFC 282 турнирехь Якубов Ильяс а, Дацик Вячеслав а тийсалучу видео тIе хIоттийна Басаевн аз хиларна. "Машарца вогIий, машарца жоп лур ду, тIамаца вогIий – тIом бийр бу. ТIом бан Iемина ду тхо, и тхуна Дала делла ду. Маршонехьа тIом бийр бу оха, цу тIе, вала бахьана а ду", - олу цу тIехь Басаевс. Талламан версица, терроризм къобалйар ду и дешнаш. Якубовн интересаш хьалхайаьхна лелачу адвокато Тарамов Iабдул-Керима дIахьедина "ilyas_yakubov9I" ник Якубовн йу аьлла оцу гIуллакхехь тоьшаллаш цахиларх.

  • Нохчийчуьра Шела гIалара ву Якубов Ильяс. Шела кIоштан маьршачу кепехь латарийн чемпион ву иза, самбо спортан мастер ву, панкратионехула Москван Кубок йаьккхина цо.
  • Стохка гIадужу-беттахь шахьарехь лецира иза, терроризм къобайина цо аьлла, шена дуьхьал айдина гIуллакх къовса ницкъ ца кхечира цуьнан.
  • Юстицин министралло "экстремистийн материалаш" леринчу иттанна йукъадахна Муцураевн иллеш, уьш даржорна дукха хьолахь административан жоьпалла тIедожийра 2011-2022-чу шерашкахь.
  • ХIетте а Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дийцира, шена "халахеттера" нохчийн Ичкерин иллиалархочо ша кхин дIа иллеш эр дац аьлла дIахьедича. Кадыровн гонера волу "Ахмат" нохчийн клубан латархо Чимаев Хьамзат хаавелира Оьрсийчоьхь магийна доцу Муцураевн иллешка ладугIуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG