ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра могушалла Iалашйаран министро дIахьедина "махкахь прививкаш йайта "луьра дуьхьалболчийн" тептарх


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Берашна вакцинаци йайта "луьра дуьхьалболчех" хIиттийна Нохчийчоьнан Iедалхошкахь тептарш ду, цунах лаьцна дIахьедина регионерчу могушалла Iалашйаран министро Лорсанов Сулеймана. Полиомиелит ца хилийта мехий деттийта резабоцчаьрга телехьожийлехь бистхилий, беран организмана цо вон деш хиларх тоьшалла де аьлла хьехна цо.

"Чипаш йохкуш ю бохучу хабарех ца тешаш", полиомиелитах ларлуш привикаш йайта аьлла, кхайкхам бинчу республикан урхалхочунна Кадыров Рамзанна шен къамелехь Лорсанов тIетайна.

Кавказ.Реалии сайто дукхазза йаздира нохчийн пачхьалкхан телеканалашкахь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуюьйлу къурд олуьйтуш видеорепортажаш. Бахархой "сийсазбечу видеон" терго йира Американ дуьнеанюкъарчу динан маршонан Комиссино шен 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь.

  • Нохчийчохь бехказа йийлитира массарна а герагахь Хьалха-Мартанарчу кIоштан дарбанан хIусамера белхахо, гIадужу-беттан 5-чохь тIеман билеташ схьа ца деанчу лоьрашна Украинера тIаме мобилизаци йийр ю боху аларна.
  • Гуш-хезаш бехказа бийлийта декхаре бар а, "бехке берш" сийсазбар а шуьйра лелош ду Нохчийчохь. 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан вице-премьера Умаров Джамбулата дIахьедира, бехказа бийлийтаран практика ерриг Оьрсийчоьнехула яржон еза, аьлла. Аьнашбаран видеош яхийтар "исбаьхьа практика ю" аьлла хьаькамо, тIетоьхна цо, стагера баьлла бехк видео тIе дIаязбина белахь "кхин а оьшуш ду иза", аьлла.
  • 2017-чу шарахь дуьйна дуьйцура Нохчийчохь полиомиелитана дуьхьал прививкаш йайта дуккха а нах дуьхьал хиларх. ХIетахь машанехь информаци йаьржинера, вакцианци йинчул тIаьхьа ши бер вон цомгаш хилла бохуш.
  • Зазадокху-беттан юьххьехь Кавказ.Реалии сайто йаздира, Нохчийчохь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь, Кхарачой-Чергазийчохь полиомиелит цамгар йаьржина, хьал телхина догIу аларх Роспотребнадзоро. Билгалйаьхначу регионашкахь кхин а тIе йолийра вакцинаци. Делахь а хьаькамаша оцу цамгарх лаьцна официалехь терахьаш Iора ца доху
  • Полиомиелит – лаккхара инфекци шеца йолу цамгар ю. Адамах кхечунна тIейолу и вирус нервийн системех кхетий, масех сахьташкахь параличан хьоле вуьгу цо. Къаьсттина и цамгар кхета тарло пхеа шаре довлазчу берашна. Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашйаран организацино билгалдоккху, полиомиелитах дарба ца хуьлу, ткъа вакцинаци – ша цхьаъ бен боцу гIирс бу оцу цамгарна дуьхьалойан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG