ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра мухIажарша кхайкхийначу мацаллин терго ца йина Хорватин Iедалша


Боснин, Герцеговинан Хорватица лаьттачу дозанехь бу Нохчийчуьра мухIажарш
Боснин, Герцеговинан Хорватица лаьттачу дозанехь бу Нохчийчуьра мухIажарш

Шаьш Украинерчу тIаме хьийсорна кхоьруш, кIелхьарабовла гIертачу Нохчийчуьра мухIажарша кхайкхийначу мацаллин протестан терго ца йо Хорватин Iедалхоша. Оханан-беттан 22-чуьра схьа дуьйна мацалла хьоьгу цара Ježevo олучу Хорватин куьпахь, оцу хеначохь меттигерчу Iедалхойн а, бакъоларйаран органийн а цхьа векал царна тIе кхаьчна вац, дIахьедина тховкIело йоьхучийн гергарчара бакъонашларйархошка.

Оханан-беттан 25-чохь мацалла кхайкхийначу ялханнех цхьанна вон хиллера, лоьрийн гIо эшнера цунна – баьхкинчу лоьраша пхенашкахула молха чу а доьттина, цул тIаьхьа дIабаханера, дийцина Кавказ.Реалиин сайте "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас.

"Кхин церан йеш терго йац, меттигерчу Iедалхоша тергал банне а ца бо уьш. Церан гергарчара тхоьга хаамбарехь, Нохчийчуьра мухIажаршца цхьаьна чохь хиллера Конго пачхьалкхера мухIажарш а, цара а кхайкхийнера мацалла, амма уьш дукха хье а ца беш, арахецнера. Кхузахь дискриминаци го суна къоман а, динан а билгалонашца нохчашца а, бусулбанашца а лелош йолу", - аьлла спикеро.

Бакъоларйархойн хаамашца, нохчий лецна динан экстремизмаца боьзна бу аьлла шеконаш кхоллайелла, цхьана а кепара цуьнан тоьшаллаш доццушехь. ХIетте а йух-йуха чохь сецош, хенаш дIайахйо царна, эххар а Оьрсийчу дIахьовсон тарло уьш. Оцу йукъанна шаьш мухIжарша дIахьедо, кадыровхойн дакъошца цхьаьна Украинаца тIаме ца дахархьама арадевлла ду шаьш махкара бохуш. Иштта цара билгалдоккху, Хорватихь совца дагахь дац шаьш, цигахула Европан кхечу пачхьалкхашка дехьадовла лаам бара шайн.

Кавказ.Реалиин редакцино кехат дахьийтира Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле, нохчаша мацалла кхайкхорах а, цара шайн бакъонаш хьоьшу бохучух а лаций шайна хетарг алахьара аьлла. Цкъачунна цаьргара жоп хилла дац.

  • Лахьан-беттан юьххьехь Хорватихь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш – цара латкъамаш дора тховкIело йоьхуш делла кехат юхаэца бохуш, ницкъбо шайна аьлла. "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь ма-дийццара, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбина, кхерамаш тийсина, сийсазбинера. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш дора, миграцин набахтен белхахоша шайца хIуьттаренаш лелорах а, иштта лоьраш шайна тIе ца битарх а. Хаамийн гIирсашкахь кхунах лаьцна информаци зорбане йаьккхинчул тIаьхьа Хорватин омбудсмено Шимонович-Айнвальтер Тенас дIахьедира Оьрсийчу дIабала хьийзош болчу, шайн махка баьхкинчу мухIажарийн хьолан а, уьш махках бахаран бахьанийн а талламбийр бу ша аьлла. Иштта хьал тидаме ийцира Хорватин бакъонашларйархоша а.
  • ГIуран-баттахь "Европера нохчийн Ассамблейно" дIахьедира, цхьахволчу нохчийн мухIажарна Хорватин полисхоша аэропортехь йеттарх. Цул тIаьхьа мигранташ латточу куьпа дIакхачийнера иза, цигахь масийтта дийнахь ша цхьаъ камери чохь латтош. Бакъонашларйархоша зорбане дехира йиттина тIехь лараш йолу цуьнан суьрташ, мухIажаран цIе йоккхуш йац. Хорватин Iедалхоша Нохчийчуьра мигрантана йеттарх лаьцна комментарий ца йира.
  • Кавказ.Реалиин сайто м-йаздарра, Хорватин кхело дуьхьало йира Нохчийчуьра пхеа вахархочунна политикан тховкIело йала. Тарло царна хIинца Оьрсийчу депортаци йан.
  • Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дина, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.
  • Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, французийн лаккхара хьаькамаш оьрсийн, нохчийн Iедалхошца уьйраш хиларехь шеконе бехкина бу. Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Дарманен Жеральд, Лакхарчу Вьенан префект Морси Сеймур, Парижан полицин хилла префект Лаллеман Дидье а 202I-чу шарахь Гадаев Мохьмад "ницкъаца къайлаваккхаран декъахой" хила тарло аьлла.
  • Гурахь Орсийчуьра, Украинера, Советашца хиллачу республикашкарчу, Европерчу бакъонашларйархойн тобано Интерполе дIахьедар дира Оьрсийчуьрчу, кхечу пачхьалкхашкарчу нахана Европехь тIаьхьабовларан политика хийцар доьхуш. Дукха хьолахь дуьйцурш Интерполехула Москвано лоьхучийн гIуллакхаш дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG