ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра оппозицин жигархочун цIенош схьадохур ду аьлла кхерамаш тийсина "Ахмат" спецназан командиро


Батукаев Зелимха
Батукаев Зелимха

Кадыровхойн "Ахмат" спецназан декъан командиро Батукаев Залимхана видео йаьккхина нохчийн оппозицин NIYSO боламан векалан Нохчийчуьра цIенна хьалха. Эскархочо кхерам тесна, бахам схьабоккхур бу ша аьлла: "Хьо а, хьан тIаьхье а цкъа а йехар йац кху кертахь, хIара керт суна схьалур йу, кхузахь ас доккха цIа а дийр ду" аьлла.

Видео зорбане йаьккхина марсхьокху-беттан 28-чохь Батукаевн телеграм-каналехь. Эскархочо кхерамаш туьйсучу жигархочо бакъ дина Кавказ.Реалиина, видео тIехь гуш йерг билггал шен хIусам йу аьлла. Карарчу хенахь цу чохь Iаш стаг а вац.

Батукаев Зелимха хьалхо дакъалаьцна ву гIаттамхошца Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIамехь, тIаьхьа шозза кхел йира цунна – 2011-чу а, 2016-чу а шерашкахь. Дуьххьара бакъо йоцуш герз лелорна, шолгIа – талораш лелорна а, стаг верна а, нехан бахам хIаллакбарна а. Шен накъосташца цхьаьна Краснодарехь такси чу хиънера иза, машен лачкъон Iалашонца. Машенлелорхо вийра цара, ткъа Нохчийчоьнан дозана тIехь машен дIайоьхкира. Оцу тIехула Батукаевна шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха 19 шо хан тоьхнера.

Нийсо боламан хаамашца, колонера мукъаваьккхира "Шустрый" цIе лелош волу "Ахмат" спецназан цхьахдолчу декъан командир. Дуьххьара ЧВК "Вагнеран" цхьана декъе дӀайазвеллера иза, цул тӀаьхьа Алаудинов Аптин спецназах дӀакхийтира. 2023-чу шарахь гIадужу-баттахь цо дIахьедира Батукаевна Украинехь тӀамехь дакъалацарна майраллин орден йелла аьлла. ТӀаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо рогӀера совгӀат делира тӀемалочунна – Кадыров Ахьмадан орден.

Оппозицин жигархочунна кхерамаш туьйсуш видео дIайазйечу заманчохь Батукаев Нохчийчохь хӀун деш хилла, кхеташ дац. Алаудиновн дӀахьедаршца, "Ахмат" спецназ карарчу заманчохь Курскан кӀоштахь Украинан герзахойн ницкъашна дуьхьал тIемаш беш йу.

  • Стигалкъекъа-баттахь нохчийн ницкъхоша лачкъийнера ткъех гергга меттигера вахархо, хаамбинера оппозицин телеграм-каналаша. Кавказ.Реалии сайтан корреспондент жигархошца зӀене а ваьлла, цунах лаьцна шуьйра хаамаш хиънера. Ишта дуккха а нах лечкъош, керла йаьржинчу тулгӀенан бахьанаш а зуьйш.
  • Ахматан спецназан буьйранчас, тӀеман министраллан коьртачу тӀеман-политикан декъан куьйгалхочун гIовсо Алаудинов Аптис дӀахьедира, Оьрсийчоьнан территори тӀехь хуьлучу тӀемашкахь дакъалаца деза эскаре кхайкхинчу салташа аьлла. Иштта жоп делира цо Курскан кӀоштара эскаре кхайкхина нах арабаха аьлла, церан гергарчара динчу дехаршна. ХӀинццалц "Ахматан" дакъош бехке дора, церан эскархой къоначу салтийн "букъа тӀехьа лечкъаш" хиларна а, загардотрядех санна, царех пайдаэцарна а, шайн накъостий карабахийта провокаци лелийна хила тарлуш хиларна а.
  • Курскан кӀоштахь Украинан герзахойн тӀелатар доладелира марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь. Царна дуьхьалбевллера ФСБ-н дозанхой а, эскаре кхайкхинарш а. Оьрсийчоьнан z-блогерш олучу наха чӀагӀдарехь, регионехь доза лардеш хиллачу Кадыровн дакъоша дуьххьара тохарш динчул тӀаьхьа дӀатеснера шайн позицеш. Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан декъан Нохчийчуьра цхьаболу эскархой йийсаре лецна хиларх мукӀарло дира Алаудиновс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG