Нохчийчохь оппозиционерийн ЯнгулбаевгӀеран нанна, политикан тутмакх йолу Мусаева Заремина дуьхьал керла бехктакхаман гӀуллакх делла мегаш ду, хаам бо "Iазапашна дуьхьал" тобано.
Бакъонашларъярхоша дийцарехь, гIадужу-беттан 29-чохь Мусаева Зареме хеттарш дина талламхочо, цо шеца дарбан цӀийне кхачош ФСИН-ан белхахочунна тIелатар дина аьлла. Мусаевана хууш хIумма а дац талламхочо дуьйцучух, хIунда аьлча, иза цхьана а тIелетта цахиларна.
"Цуьнан санна ледара могашалла йолу адам колонехь латто йиш йац, хаддаза дарба а, диета а, Ӏуналла а оьшу цунна (...) РогIера кхин а тIе хан тохахь, цунна Iожалла хила тарло цунах", - билгалдаьккхира "Ӏазапашна дуьхьал" тобанан куьйгалхочо Бабинец Сергейс.
55 шо долу Мусаева Устрада-ГIалара колони-поселенехь латтош йу, цуьнан хан чекхъйала йезаш йу 2025-чу шеран зазадокху-баттахь.
Дахначу кӀиранах Мусаева республикан эндокринологин диспансерехь дарбан цӀийне кхачийнера, цуьнан адвокато Савин Александра цхьанна баттахь сов дехарш а дина. Мусаева Заремас йух-йуха а хаам бора шен могашалла телхаш хиларх. Гезгмашан-бутт чекхболуш адвокато дӀахьедира, цуьнан могушалла эшна йогIуш йу аьлла.
- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 25 дей-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
- ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
- Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах.
- Стигалкъекха-беттан 28-чохь нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин хьокъехь харцонаш лелийна хилар бакъдира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу цунна 52 эзар евро компенсаци охьайилла. Кхин а йалх-йалх эзар евро кхачийна Мусаеван хIусамдена, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, церан йоIана Алияна а. Украинехь тIом болийначул тIаьхьа Оьрсийчоьно дуьхьало йира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.